РогIера кхеташо дIаяьхьира депутаташа

ХIокху деношкахь дIаяьхьначу Нохчийн Республикин Парламентан Советан III-чу кхеташонехь мехала цхьамогIа законопроекташ йийцаре йира депутаташа.

Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан тIедилларца, Советан рогIера кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида.

Тайп-тайпана законопроекташ йийцаре йира депутаташа. Иштта, «Нохчийчохь цIеначу хIух долу дийнаташ лелоран хьокъехь» а, «Юьртан бахамна лерина долу латтанаш юкъадахаран хьокъехь» а долчу Нохчийн Республикин законашна хийцамаш юкъабалорца йоьзна йолу проекташ рогIерчу кхеташонехь къасто сацам хилла церан. Цаьрца цхьаьна рогIехь ю Дешаран, Iилманан, культурин комитетан хьокъехь йолу проект а.

ЧIагIдина «Нохчийн Республикехь муни- ципальни гIуллакхашдаран даржийн реестран хьокъехь» а, «Нохчийн Республикехь лело декхарийлахь долчу кехатийн хьокъехь» а, «Нохчийн Республикехь 2016-чу шарахь медицинин страховани яран меттигерчу фондан бюджетан хьокъехь» а долчу Нохчийн Республикин законашна хийцамаш юкъабалор. Иштта билгалдаьккхина дарбалелоран гIирсашца (цу юкъахь молханашца а) кхачояран декъехь закон талхорна долу административни жоьпалла чIагIдийриг хилар а.

А.ХАТУЕВА

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: