Дагестан Республикин дешар кхиоран институтан куьйгалло 3 шарахь цкъа вовшахтухучу хьехархойн корматалла лакхаяккхаран курсийн программица лахьанан (ноябрь) беттан 9–10-чуй деношкахь Нохчийчохь хилира Дагестан Республикин Новолакски а, Хасавюртовски а кIоштийн школашкара нохчийн меттан а, литературин а 20 сов хьехархо. Нохчийн меттан а, литературин а курсан программина юкъадогIуш хиллера Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран цIарахчу литературин музей, Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескита дахар а, Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь нохчийн меттан Iилманчашца а, яздархошца а, дешаран а, Iилманан а министерствон, Iилманийн академин векалшца а цхьаьнакхетар.
Лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара яздархой: Ахмадов Муса, Исмаилов Абу, Айдамирова Машар, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча Умхаев Хьамзат, Iилманан академин векалш: Эдилов Салавди, Альбеков Нурвади, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан а, литературин а кафедрин хьехархо, филологин Iилманийн доктор, профессор Овхадов Муса, оццу кафедрин куьйгалхо Солтаханов ИбрахIим, хьехархо Вагапова Асет, журналист Газиева Аза. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира нохчийн мотт а, литература а школашкахь хьехаран декъехь нислуш йолу халонаш а, керла юкъайовлучу учебникийн чулацамах а, кхачамбацарех а дерг. Дагестанерчу а, Нохчийн Республикерчу а хьехархоша дешаран программин а, учебникийн а хьокъехь шайна хетарг довзийтира.
Хууш ма-хиллара, школашкахь нохчийн меттан а, литературин а урокийн сахьташ лахдина, дукхах йолу хан экзамен дIаяларехь оьшуш йолчу предметашна дIаелла. Цунна шаьш реза цахилар хьахийра хьехархоша.
Халкъан яздархочо Ахмадов Мусас элира сахьташ кIезиг хиларх а, хьехархойн бакъо яц берашна нохчийн мотт а, литература а Iаморна тIехь мало ян. Хьалха санна и предмет езачарна литературин кружок вовшахтоха а, кхоллараллин суьйренаш дIаяхьа а дихкина цахилар дагадаийтира цо. Дагестанерчу хьехархоша хаийтира яздархочо дIахьош хилла йолу «Хаарийн бIов» видеопроект шайна дукхаезаелла хиларх а, иза юха эфире яларе шаьш сатесна хиларх а. Овхадов Мусас 5-чу классера 9-чу классе кхаччалц йолу учебникаш кечъеш хиларх дерг а дийцира. Учебникаш тIехь хилла кхачамбацарш дIа а дохуш, хьехархойн дехаршца иза тIеюзуш болх беш ю бохура говзанчийн тоба. Эдилов Салавдис хаийтира школашкахь нохчийн литературин программина юкъадахийта дешархойн хенашка хьаьжжина деша а, довза а хьакъдолу дийцарш вайн литературехь цахилар.
Газиева Азас шен меттахь нийса тидам бира, нохчийн маттахь яздинчу дийцарийн къелла ю бохучунна ша реза цахилар. «Берашна лерина дийцарш а, туьйранаш а шортта ду Кагерманов Доккин, Амаев Вахин, Сулейманова Зайнапан, Бексултанов Мусан», – элира цо. Iилманийн академин Iилманчас Альбеков Нурвадис шен кхоллаелла ойла йовзийтира оцу цхьаьнакхетаран дакъалацархошна. «Нохчийн а, Дагестанан а республикийн хьехархойн ассоциаци хилча дика хир дара я къоман музейхь, я Iилманан академехь. Вовшах дагабовла а, хатта-ала а дуккха хир дара церан», – бохура Нурвадис.
Дагестанерчу хьехархоша дийцира нохчийн маттахь язйина йолу дешаран а, методикин а литература эца ца карорна шаьш бала хьоьгуш хиларх. Дуккха а хаттарш дира цара нохчийн яздархошка а, Iилманчашка а.
Евзаш йолчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Вагапова Асета хьешашна кхин цкъа а йовзийтира Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза. Цо зорбане яьхначу «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» а, «Дешан бIаьхой» а книгех дерг дийцийтира авторе. ХIора книгин кхолламах, чулацамах дерг олуш, йистхилира Аза. Нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Абдурзаков Шерипа ша стохка зорбане яьккхина «Iаламан совгIаташ» аьлла книга елира цхьаьнакхетарехь хиллачарна.Хасавюьртарчу школин хьехархочо Татаева Хурмата, ша, Айдамиров Абузарна лерина язйина байт йийшира оцу дийнахь.
Дагестанера баьхкина нохчийн меттан а, литературин а хьехархой шайца цхьаьнакхетаре бевзаш болу яздархой а, Iилманчаш а баьхкина хиларх баккхийбеш бара. Царна шайн республикин дешаран министерстве Нохчийн Республике кхачийта дехар дан дагадар а Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран а, цуьнан йоьIан Айдамирова Машаран а беркат хилар а билгалдаьккхира.
Мескитарчу музейхь а, Соьлжа-ГIаларчу Къоман библиотекехь а шаьш яьккхина хан эрна хеташ бацара хьеший.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо