Бехке ву латтанаш дохкарна

Грозненски кIоштарчу ГIуларе юьртан администрацин куьйгалхо лаьттина волу Ярычев Iимран бехкево меттигерчу бахархошна латтанаш лелон бакъо луш йолчу справкех тардина долу кехаташ даларна.

Талламийн органаша чIагIдарехь, Грозненски кIоштан ГIуларе юьртан куьйгалхочо шина шарахь (2013–2015-гIий шераш) меттигерчу 110 вахархочунна «похозяйственни» книги тIера латтанаш лелон бакъо луш долу кехаташ делла.

«Оцу книги тIера делла долу кехаташ 1997–2001-рий шерийн терахьашца кечдина хилар гучудаьлла. Ткъа меттигерчу бахархошна «дIаделла» долу латтанаш нах бехачу меттигийн латтанийн категоре 2012-чу шеран бIаьста бен даьхна дац. И хан тIекхаччалц латтанаш юьртабахаман латтанийн категорехь дара. Цуьнца нийса а догIуш, бахархошна и латтанаш лелон бакъо яла йиш яцара», – аьлла, яздина Россин Талламан комитетан республикехула йолчу Урхаллин сайта тIехь.

Карарчу хенахь Ярычев Iимранна дуьхьал, Россин Уголовни кодексан 285-чу статьяца (меттигерчу урхаллин органан куьйгалхочо шен белхан декхарш кхочушдарехь харцо яр) нийса а догIуш, уголовни гIуллакх долийна. ГIуллакх суьде дахьийтина.

«И зуламаш бехкевечо дина аьлла, кхачам боллуш тоьшаллаш хилахь, цунна 300 эзар соьмана гIуда я набахтехь яккха 7 шо хан тухур ю. Цул сов, 3 шарахь куьйгаллин даржашкахь болх бан йиш хир яц цуьнан», – билгалдоккху Талламан комитетан республикехула йолчу урхалло.

Амма оцу гIуллакхна чIогIа реза бац меттигера бахархой. Царна хетарехь, цхьана стага, кхечаьргара гIо а доцуш, масех шарахь иштта зуламаш дойла дац.

«Сан кхетам кегийрхойниг санна сирла хир бац, делахь а, со а кхеташ ву-кх, цхьана стага, кхечуьнгара гIо а доцуш, шина шарахь нахана юьртабахаман категорешкара латтанаш духкийла цахиларх», – бохура меттигерчу вахархочо Магомадов Салихьа.

Иштта ойла йолуш Джовтаева Зарема а ю: «110 вахархочунна, шина шарахь, харц-кехаташца юьртабахаман декъехь долу латтанаш доьхкина бохуш, бехкевеш цхьа стаг ву. Дика ду хIета. Тахана и бехкевеш йолу органаш хIун деш Iийна шина шарахь? Нахана делларш харц-кехаташ хиллехь а, наха-м оцу «кехатех» баккъал а долу ахча деллий. Цунна хIун до вай?».

Талламийн органаша шайн болх беш хиларх кхеташ бу меттигера бахархой. Амма цара бохучух а кхета мегар ду: – «Тхуна хилла зен меттахIотто декхарийлахь мила ву?», – боху хаттар ду цаьрга сагатдойтург.

И.ИСЛАМОВ

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: