Инвестицийн проекташ кхидIа а кхочушйийр ю

«Нохчийн Республикехь кхочушъян йолийна мел йолу инвестицийн проекташ чекхйохур ю, гIишлошъяран белхаш графикаца нийса а догIуш дIахьур бу». Иштта дIахьедар дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу гIишлошъяран майданех ша бIаьрг тухучу хенахь.

Stroitel_svo-gostinitsy-Kanvas-v-Groznom-priblizhaetsya-k-zaversheniu

«Тахана яккхий инвестпроекташ кхочушъяран хьал девзира суна. Пхеаседанан «Канвас» хьешийн цIа дечохь а, Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъара университет ечохь а, махлелоран-самукъадаккхаран комплекс ечохь а хилира со. Хьалха кхузахь тIеман техника лаьттина, хIинца – гIишлошъяран лаьтта. ТIехдаккхар а доцуш, баккъал а, уггаре тоьлла инвестицийн майда ю ала мегар ду кхузахь ерг. И ерриге а объекташ ул-уллохь хир ю. Оха йоккха меттиг билгалъяьккхина гIишлошъярна. Кхуззахь хир ю тоьллачех цхьаъ йолу кхузаманан ипподром а. Цунна лерина дерриге а хьелаш кхуллур ду оха», – элира Р.Кадыровс.

Уггаре а коьртаниг ду гIишлошъяран майданашкахь белхаш буьззинчу барамехь дIахьош хилар.

«Массо а хIуманал коьртаниг ду гIишлошъяр, цхьана денна а сацар доцуш, графикаца дIахьош хилар. Белхашна ахчанца кхачо еш ю, инвесторша а шайн дакъа лоцу. Инвестицийн цхьа а майда болх бечуьра саца йиш йолуш яц я соцур а яц. Мелхо а, кхин а керла проекташ дIайоло ойла ю тхан», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

Цо дийцарехь, регионан Iедалан векалш герггарчу хенахь цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадахьа а, оцу цхьаьнакхетаршкахь шина а агIонна пайдехь болчу берташна куьйгаш яздан а дагахь бу.

«ХIокху шеран чаккхенехь а, тIедогIучу шеран юьххьехь а кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошца а, бизнесан векалшца а дан лерина цхьаьнакхетарш ду тхан. ЦхьамогIа берташ бу бан дагалаьцна. Цул сов, кхечеран бала кхочур болу, вайна тидам тIеозор болу, федеральни тIегIанехь дийцаре дан лерина цхьацца гIуллакхаш а ду. Пачхьалкхан куьйгалло, кхийолчу регионашна санна, гIо-накъосталла до Нохчийчоьнна. Цундела, сагатдан цхьа а бахьана дац вайн», – тIечIагIдира Кадыров Рамзана.

А.ХАСБУЛАТОВА

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: