Дуьне токхе дийриг, дахар хаздийриг, кхерч бовха латториг, уьйраш марзйийриг нана ю. «Нана». Деа элпах лаьттачу оцу дешан маьIна кIорггера чулацам болуш ду. «Нана, юха а нана, тIаккха а нана», – аьлла вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Оцу дешнаша чIагIдеш ду иза иштта хилар. Доккха дукъ ду цунна тIехь дерг. Хийла халонаш лайна вайн наноша шен доьзалхочун дуьхьа. Ткъа хIинца-м Iер-вахаран хьелаш мелла а тоделла вайна, делахь а, нана масал хила дезаш ю-кх доьзална. Иштта шен доьзална дика масал ду, Нохчийн лаьмнашкахь, Iаламан хазалло бIаьрг хьоьстучу уггаре а хазачу юьртахь, Зандакъахь ехаш йолу Шамилова Аминат.
Шен 22 шо а кхачале пхеа доьзалхочун (3 кIант, 2 йоI) нана хилар йоккха турпалалла ю. Вайн хьалха хиллачу нанойнчух тера амал ю Аминатан. Школа чекх ма яьккхинехь, ОздиевгIеран нус хилар бахьана долуш, цхьа а корматалла караерзо кхиъна яц иза. Делахь а, шен доьзал кхаба беркате некъ карийна цунна. Кертахь лелош даьхни а, вайн ламанца дика кхуьуш болчу Iежийн, кхорийн диттех юьзна беш а, цIазамаш а ду йоккха меттиг дIалоцуш. Уьш лелорал сов, хасстоьмийн хесаш а ду. Хьалха хиллачу вайн нанойн амалех ду-кх иза. Нохчий даима а хилла лаьттах беркат оьцуш. «Уггаре а хьена хIун ю?» аьлла, деллачу хаттарна, «латта», аьлла жоп далар ларамаза дац. Дан а ду латта хьена, ахь куьг мел туху а беркат ло цо. Хьаналчу къинхьегамца даьккхинчух бен беркат а ца хуьлу. Хьаналчу рицкъана тIехь кхиъна боцу доьзал ийманехь ца хуьлу.
Iа дIадаьллчахьана, гуьйре чаккхене ерззалц, ша кертахь кхиош болу стоьмаш, хасстоьмаш бухкуш, цунах схьаэцначу ахчанах шен доьзалан хьашташ кхочушдо цо. Туькана уьдучу зударех яц Аминат, я шен доьзал ца марзбо. Шен куьйгашца уьнах цIена кхиийначух кечбо Амината кхача. Кертахь долу хьашт-дезарш алссам делахь а, хьаша-да тIеэца даима кийча хуьлу иза. Лулахо а, генара веана хьаша санна тIеоьцу цо. Нохчийн къоман даарш хуьлу цуьнан стоьла тIехь. Веанчуьнга дахьийта тIо-кIалд, хи чу йоьхкина наьрсаш, помидораш хуьлу.
Вайн зударийн, къаьсттина несарийн, дукъ цкъа а ца хилла атта. Малх гIоттуш гIоттий, дохнан гIуллакх дой, уьйтIе, кетIе, нуй хьокхий, къагайой, тIаккха хи дохьий, иштта дIайолало цуьнан Iуьйре а.
– Къона хиларх ненан декхарш дайлуш дац. Кертара гIуллакх дина яьлча, мокъа хан эрна ца йойъу ас. Денна кхуьуш болчу доьзалца, ийманчохь хилийта хаддаза болх бо. Юьртахь берийн беш яц, луларчу юьрта дIасалело денна аьтто ца хуьлу, цундела воккхах волчу шина кIантаца школе вахале Iамо деза дарсаш а, ламаз дан а Iамадо ас. Суна теша лаьа, уьш могаш-маьрша, ийманчохь хьала а кхиъна, сайна царах дика накъостий хиларх, – дуьйцура Амината.
Шен жималлица ша тIелаьцна некъ дIакхехьа цунна ницкъ лург кхоллараллица гергарло хилар ду. Шен синтем цуьнца карабо цунна. Жимма доьзал боккха а хилла, мокъа хан алсамяьлча, хьехархочун корматалла караерзо, деша яха лаам болуш ю Аминат. Нохчийн а, оьрсийн а литературица гергарло долуш хилла иза школехь доьшуш йолуш. ХIинца а и зIе ца хадош схьайогIуш ю. Теша лаьа, Аминат дика нана санна, шен Iалашоне а кхаьчна, тIейогIучу хенахь дика хьехархо а хирг хиларх.
М.ВЕГИЕВА
№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо