Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIаяьхьира «Поэзи – сан маьлхан шовда» цIе йолу поэзин суьйре. Исбаьхьаллин дешан мах хуучарна доккха хазахетар дара иза.
Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан декъашхой а, яздан буьйлалуш болу къона поэташ а, I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонин артисташ а, Соьлжа-ГIаларчу культурин а, искусствон а колледжан студенташ а, ешархой а. Поэзин суьйре дIахьош бара поэташ Борхаджиев Хожбауди а, Юсупов Руслан а.
Суьйре дIайолош гулбеллачаьрга уггаре а хьалха вистхилира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта. Леррина цига веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Керимов Iальви а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад а.
Оцу суьйренехь шайн байташ йийшира поэташа: Яричев Iумара, Ахматукаев Адама, Гакаев Iарбис, Резванова Айзас, Дакаев СаIид-Бека, Бухадиев Мусас, Исраилова Луизас, Джабраилова Азмана, Матаев Анзора, Сидахметов Фарида, Исмаилов Абус, Мурдалов Муслима, кхечара. Цара гулбеллачаьрга дийцира шайн бераллех болчу дагалецамех а, бакъдолу доттагIалла, безам, сий бохучу кхетамийн маьIнех а лаьцна. ЛадогIархоша, авторийн ойланийн йийсаре а бахана, леррина ладугIура цаьрга. Оцу цхьаьнакхетаре баьхкинера иштта исбаьхьаллин дешан къона говзанчаш: Арсалиева Люба а, Хабаев ИсмаьIал а, Банжаев Аьрзу а, Ойбуев Сайд-Хьасан а, кхиберш а. Цигахь дакъалецира библиотекин ешархоша а, поэзиезархоша а. Цара а йийшира шайна езаелла йолу байташ.
Поэташ, Дала шайна похIма делла, башха нах бу. Дешнийн гIоьнца адамашна ирс а, доттагIалла а, синтем а бала кхоьллина бу уьш. Царна поэзи – иза кехата тIе язден даьсса могIанаш дац, иза кхечеран дуьхьа дIалуш долу церан дахар ду.
Поэзи а, музыка а, театр а – и дерриге а вовшашца доьзна ду. Цундела дара оцу суьйренехь поэтийн къамелашна юкъахь бевзаш болчу иллиалархоша: Ахтаева Фатимас а, Паскаев Рамзана а, Парнасова Таисас а, Тунтаев Дукхвахас а, Эбиев Илеса а, Ибрагимов Мансура а, Кхарачойн-Чергазийчуьра еанчу хьешо Рамазанова Маяс а иллеш алар а, эшарш лакхар а. Иштта, Соьлжа-ГIалин культурин а, искусствон а колледжан 4-чу курсан студенташа, хинболчу актераша шайн говзалла гойтуш цигахь йийшира С.Есенинан «Зудчуьнга кехат» цIе йолу байт.
ЧIогIа самукъане, доттагIаллин хьолехь дIаяхара суьйре. Цигахь дIаешна говзарш муьлххачун а дагах кхетар йолуш яра.
Билгалдаккха деза и тайпа цхьаьнакхетарш дIадахьар ламаст хилла дIахIоьттина хилар, бевзаш болу поэташ ган а, церан говзаршка ладогIа а луучарна и суьйре тIаьххьара цахилар.
I.МУРТАЗОВ
№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо