Къоначу спортсменийн кхиамаш

ХIокху деношкахь Адыгейрчу Старобжегокай юьртахь дIаяьхьира Олимпийски чемпионна А.Хуштовна лерина йолу схьайиллина республикин греко-римски кепара охьатохархлатарехула турнир. Вайн республикера оцу турнирехь дакъалоцуш 7 спортсмен вара.

IMG_7184

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира вайн цхьамогIа махкахой. Хьалхара меттиг яьккхира Исаев Турпала (58 кг.) – ДЮСШ №7, шолгIа меттиг – Исаев Муслима (42 кг.) – ДЮСШ №3.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийна, уьш Iамийначу тренерша: Р.Абиевс, С.Исаевс, М.Исаевс. Оцу турнирехь нохчийн командо командашна юкъахь шолгIа меттиг яьккхира. Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: