Кхиазхоша шайн ницкъаш зийра

8018

Веданахь, спортан-могашалла тояран «Ламанхо» центрехь дIаяьхьира  греко-римски кепара латаран республикин турнир. Иза лерина яра Россин  кегийрхойн денна. Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствос вовшахтоьхначу  оцу турнирехь дакъалоцуш вара ведомствон отделан хьаькам Бельтиев Ислам, «Ламанхо» центран директор Шахидов Вахьид, Веданан районан администрацин векал Арсанукаев Идрис, Нохчийчоьнан греко-римски латаран федерацин вице-президент Тулаев Бислан.

Ткъа турнирехь хьалхе къовсуш бара юкъарадешаран учрежденешкара  къона спортсменаш. Йозаллин ялхийтта категорехь дIахьош дара яхь къовсар. Халчу тасадаларшкахь толаман лакхе а, цуьнца цхьаьна  дашо мидалш а ехира Шамилов Турпала (20 кг.) – Ленински ДЮСШ (берийн-кхиазхойн спортан школа), Хитиев Тамерлана (22 кг.) – «Ламанхо» центр, Дубаев  Дауда (24 кг.) – Олхазар-КIотар, Исаков Асламбека (28 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Мухадинов Мохьмада (30 кг.) – «Ламанхо», Амаев Абубакара (32 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Микаев Iийсас (35 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Забаев Ислама (38 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Муцаев Ахьмада (42 кг.) – Ленински ДЮСШ, Гигаев Адама (46 кг.) – №1 йолу ДЮСШ, Базаев Турпала (50 кг.) – РДЮСШ, Исаев Хьамида (+63) – №1 йолу ДЮСШ, Музуров Мовладис (55 кг.) – РДЮСШ, Ядаев Iумара (74 кг.) – №3 йолу ДЮСШ.

Толамаш баьхначарна а, совгIатан меттигаш яьхначарна а мидалш, Сийлаллин грамоташ, мехала совгIаташ делира. Ткъа тоьллачу кхаа командина кубкашца  совгIаташ дира.

– ХIара турнир вовшахтухучу хенахь оха юьхьарлаьцнера къона тIаьхье даймохк безаш, майра, доьналла долуш кхиоран  Iалашо. Билгалйинчу Iалашоне тхо кхаьчна аьлла а хета, – элира къийсадалрш чекхдевлча Бельтиев Ислама. – Кхин цхьа Iалашо а яра: тоьлла спортсменаш республикин а, Къилбаседа Кавказан а, Ерригроссин а къийсадаларшкахь  дакъалацарна дIакъастор.

Хь.САИДОВ 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: