Республикин берийн библиотекин белхахой Курчалойн кIоштахь хилира хIокху деношкахь. «Книга а, ешар а – уггаре а дика Iилма» цIе йолу цхьаьнакхетар дIадаьхьира цара цигахь. Иза вовшахтохарехь а, дIадахьарехь а дакъалецира Курчалойн кIоштан администрацин а, культурин отделан а, берийн библиотекин а белхахоша.
КIоштан Культурин цIийнехь гулбеллера оцу цхьаьнакхетаран дакъалацархой. Вуно хаза кечйина яра актови зал. Цигахь дакъалецира кхаа школерчу 300 гергга дешархочо (7 шарера 13 шаре кхаччалц хенаш йолчара), церан хьехархоша, библиотекарша, берийн дай-наноша.
Берашна лерина долу цхьаьнакхетар дIахьош бара республикин берийн библиотекин белхахой Докаев Ваха а, Кагерманова Лариса а. Цкъа хьалха, дешархошна библиотекин дахар довзийтархьама, видеопрезентаци йира цара. Библиотекин балхах, цара вовшахтухучу конкурсех, кхоллараллин суьйренех дерг ган таро хилира церан. Цул тIаьхьа, дакъалацархошка вистхилира Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Мохьмад-Хьаби.
Дешархошна лерина йинчу викторинаша а, конкурсаша а, хIетал-металша а, кицанаша а, аларша а – дерригено а хазйинера суьйре. Иштта, дешархошна берийн яздархой бевзий хаа йолчу Iалашонца хаттарш дира цаьрга. Цигахь гучуделира шайна дукхабеза яздархой а, церан кхолларалла а царна дика евзаш хилар.
Докаев Вахас а, Кагерманова Ларисас а дуьххьара книга юкъаяларан истори йийцира берашна. Гуш дара, цунах дерг хьалха цкъа а ца хезнарш дешархошна юкъахь хилла хилар. Муьлхха а книга арахецарехь къахьоьгуш болчу хьун хьокхуш болчарех (лесорубы) а, сплавщикех а, наборщикех а, корректорех а, издательствех а, художникех а лаьцна дийцира цара. Цецбийларца, шаьш ца кхеташ дисинарг юх-юха а хаттарца, ладуьйгIира цара.
Цул тIаьхьа кIоштан школийн уггаре а кегийчу дешархоша байташ йийшира. Иштта, дешархоша дакъалецира конкурсехь. Иза 4 муьрах лаьтташ яра: «Сложи буквы», «Портреты писателей», «Сказки в картинках», «Фрагменты произведений». Оцу конкурсехь шаьш уггаре а жигара гайтинчу дешархошна дипломаш а делира, совгIаташ а дира. Уьш царна дIаделира кIоштан администрацин куьйгалхочун заместитела Исрапилов Джамала а, Нохчийн Республикин берийн библиотекин директора Сайдумова Зулайс а. Культурин цIийнехь Iемаш долчу бераша концертни программа гайтарца дерзийра «Книга а, ешар а – уггаре а дика Iилма» цIе йолу цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо