Хьехархо Халидов Расул

Бераллехь дуьйна ирачу хьекъалца, хьуьнаре хиларца къаьсташ вара нохчийн оьздачу доьзалехь 1985-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Халидов Расул. Веданан кIоштарчу Тевзанахь Iаш дара кIентан да-нана. Юьртарчу школехь хьехархойн болх беш бара уьш. Расулан да дешархошна математика хьоьхуш вара.

IMG-20161022-WA0041

Ткъа нана къинхьегаман дарсашкахь мехкарий маха баккха Iамош яра. Мокъа Iаш цхьа а вацара. Балхахь дара аьлла, ков-кертахь дан дезарг юьстахтоьттуш дацара Расулан да-нана. Цундела жимачохь дуьйна шайн бераш тIеийзадора цара кертарчу дезаршна. Массарал каде хьийзаш хуьлура жима Расул. Эсана бецан цIов билла безахь а, цунна хи мало дезахь а, Расула деш дара и тайпа кега-мерса гIуллакхаш. Цуьнан самукъадолура ша диначух. 1991-чу шарахь кIант Тевзанарчу школин хьалхарчу классе деша вахара. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна дика доьшуш вара иза. Амма 1994-чу шарахь, буьрсачу тIеман гIовгIа Нохчийчохь чIагIъяла йоьлча, шен кегий доьзалш а эцна махках велира Расулан да. Цхьана ханна Ростован областерчу Орловски кIоштарчу Черкесск юьртахь дIатарбелира ХалидовгIеран доьзал. Цигахь чекхъяьккхира кIанта юккъера школа а. Амма луьрачу тIеман кхийсарш лахъелча, Нохчийчу цIавирзина, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте деша вахара кхиъна вогIу жима стаг. Иза кхиамца чекх а яьккхира цо, программистан говзалла кара а ерзош. Хьалхарчу курсехь дуьйна ша доьшучу технологин-экономикин курсехь студентийн Iилманан цхьаьнакхетараллин куьйгаллехь вара Расул. Институтехь доьшуш волуш, кхиамца чекхъяьккхира Соьлжа-ГIалара къоначу корреспондентийн школа. Спортивни секцешкахь а хийра хьаша вацара иза. Массо а меттехь иза дика ларош хиларан къеггина тоьшалла ду хьехархойн институт чекхъяьккхина волуш, цунна делла цIен диплом.

Цул тIаьхьа шен дас-нанас болх бинчу Тевзанарчу школе веара. Цигахь дIаболийра цо шен хьаналчу къинхьегаман некъ. Бакъду, дарсаш чекхдовларх цкъа а цIа ваха сихвелла вац къона хьехархо. Ша хьоьхуш йолчу предметал мехала хетта Расулана тIекхуьу чкъор кхетош-кхиор. Иза ву дас-нанас халкъана, махкана пайдехь дерг хьалхадаккха Iамийна. Цундела шен дешархой а иштта гIиллакхе, собаре, ийманехь, дай баьхначу латтана тешаме а, муьтIахь а хила лиъна къоначу хьехархочунна. Оцу Iалашонца алссам къа а хьегна цо. ХIинца а иштта хьанал къахьоьгуш ву Соьлжа-ГIаларчу «Экономикин, информацин технологийн» колледжехь. Иштта-м Халидов Расул Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн колледжехь хьехархочун болх бан а ларийна. Цигарчу балхана юкъара ца волуш, Соьлжа-ГIаларчу политехникин техникумехь хьехна. Массанхьа а гIиллакхе, собаре, оьзда чекхваьлла. Йист йоцу хIорд санна шорта долу шегара хаарш студенташна комаьрша дIаделла, къоначу чкъурана масал хилла чекхваьлла массанхьа. Цундела Расул дIакхаьчначу меттехь массарна а дукхавеза, белхан накъостий а сихло цунах довха дош ала.

А.ДАЧАЕВА

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: