«Ахмат» боламан жигара кегийрхой

Таханлерчу дийнахь вайн махкахь кегийрхой кхиорна мел оьшу хьелаш ду кхоьллина. Дахаран муьлххачу а декъехь – культурехь, дешарехь, могашалла Iалашъярехь, спортехь республикин а, халкъан а, шен а дуьхьа къахьега таро ю муьлххачун а. Иштта, шайн ницкъ а, хаарш а ца кхоош, къахьоьгуш масех кегийрхойн организаци ю вайн республикехь. Уьш «Ахмат» а, «Путин» а, «Иман» а, «Къонахийн тоба» а, «Нохчийчоьнан патриоташ» а, кхиерш а ю. Цара гIо до жигара болх бан лууш, хиндолчуьнга майрра хьоьжуш, вайн мехкан сирлачу кханенах тешаш болчу кегийрхойн керла чкъор кхио. Къоначу патриоташна йиллина ю шайн говзалла лакхаяккхаран а, шайн хаарех а, похIмех а адамашка пайдаэцийтаран а ерриге а неIарш.

FU1uxskBtyA

Нохчийчохь «Ахмат» цIе йолу кегийрхойн болам Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца 2012-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь кхоьллира «Рамзан» патриотийн клубан буха тIехь. Нохчийн Республикехь таханлерчу дийнахь дика хьелаш ду. Иза Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь ду, цундела, оцу организацина «Ахмат» аьлла цIе тилла сацам а хилира. «Вайна хьекъале а, дешна а, могаш а болу кегийрхой оьшу», – аьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Нохчийн Кегийрхойн политикин декъехь терго латтон а, кегийрхошца юкъаметтигаш лелон а йолчу Iалашонца кхоьллина и болам. Цо цхьаьнатоьхна нохчийн кегийрхойн юкъаралла.

Оцу организацин коьрта туш Соьлжа-ГIалахь ю, ткъа цуьнан филиалаш ерриге а кIошташкахь, лаккхарчу дешаран заведенешкахь ю. Иштта, кIоштийн куьйгалхошна тIедиллина ду оцу организацица цхьаьна болх бар а, царна гIо-накъосталла дар а. «Ахмат» боламан меттигерчу филиалийн куьйгалхоша Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министре а, боламан куьйгалхочуьнга а дуьйцу шаьш бинчу балхах лаьцна.

Оцу кегийрхойн боламна юкъабоьлхучу кегийрхоша боккха болх бина. ХIора кIоштахь а, лаккхарчу дешаран заведенешкахь а къахьоьгу цара белхеш беш а, тайп-тайпана пайдехь гIуллакхаш дIахьош а. Цара республикин бахархошна доккха гIо до терроризмах, экстремизмах, наркотикех, некъан хьовзамах, бохамех, маларх, цигаьрканах, кхечу вуонех долу зулам довзийтарехь а, адамаш кхетош-кхиорехь а. «Ахмат» боламан векалша гIо-накъосталла до цхьана бисинчу баккхийчу нахана а, цомгашчу, заьIапчу, халачу хьелашкахь бохкучу а нахана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даима а шен къаьсттинчу тергонехь латтадо кегийрхойн политикехула долу гIуллакхаш. «Ахмат» а, кхийолчу а организацешна оьшуш долу накъосталла а до, жигараллица билгалбевллачу кегийрхойн белхан хьакъ боллу мах а хадабо. ХIокху шарахь кегийрхойн денца доьзна республикин Куьйгалхочо «Ахмат» боламца а, кегийрхойн кхечу организацешца а хиллачу шен цхьаьнакхетарехь билгалбехира жигара болх беш болу кегийрхой, царна совгIаташ а дира. Ткъа Правительствон вице-премьерна Закриев ИбрахIимна тIедиллира «Ахмат» боламна тIехь верасалла дар. Цул тIаьхьа дуьйна боламо беш болчу белхан жамIаш кхин дика хилар хIинцале гуш ду.

ХIокху деношкахь «Ахмат» кегийрхойн боламан хаамийн-аналитикин декъехь кхеташо дIаяьхьира. Дийцаре дан леринарг масех гIуллакх дара: вовшахтохараллийн-техникийн агIонаш, декхарш декъан белхахошна юкъахь дIасадекъар, 2016-чу шеран 4-чу чийликехь дан дезарг билгалдаккхар, дийцаре дар боламан пресс-службехь хийцамаш бар, кхидерш. Кхеташонехь дакъалоцуш вара «Ахмат» боламан куьйгалхо, Соьлжа-ГIалин мэран заместитель Хаджимурадов Хаважи. Цо дийцира хаамийн-аналитикин отделан болх кхидIа а тобарехь дан дезачух лаьцна. Кхеташо ерзош, декъан куьйгалхочо Бетмерзаев Юсупа хIоранна а тIедахкарш дира, церан кхиамаш а, болх беркате хилар а шена лууш хилар хаийтира. Боламан болх кхидIа а жигараллица дIабахьа барт хилира церан.

I.ТЕРЛОЕВ

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: