«Хьуна нохчийн маттахь еша хаьий?..»

Дукха хан йоццуш, цхьа гIуллакх эцна, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин институте ваханера со. Заочни дешаран декъан деканата чу вахча, цу чохь болчара сайга хаьттинчо цецваьккхира со: – Бехк ма биллалахь, хьуна нохчийн маттахь еша хаьий?

Reading-by-the-Fire (1)

 

– Суна-м язъян а хаьа нохчийн маттахь, – забар йо моьттуш, жоп делира ас.

– Тахана хIокху чу веанчу иттаннал сов стагах, хьо дуьххьарлераниг ву-кх и хаа олуш ваьлларг», – элира соьга.

Кхузткъа шаре ваханчу соьга а «Хьайн ненан мотт хаьий хьуна?», – боху хаттар деш хилча, вайн ненан меттан гIуллакх ма эрча даьлла ду-кх аьлла, ойла йира ас. Нохчийн мотт Дерригдуьненан «Юнеско» организацис динчу дIахьедарца, дуьнен тIера дIадовла кхерам болчу меттанашна юкъабахийтина буй хиъча: «Бакъ дац иза! Вай цадезачара кхоьллина эладитанаш ду уьш», – бохуш, резадацарш хезара вайна. Суна-м бакъ хета иза. ХIунда хета а дуьйцур ду.

ХIаъ. Вайн-м Нохчийн меттан де а ду даздеш. Амма хьал, баккъал а аьлча, делха дезаш ду.

Нохчийн Республикин Конституци тIехь нохчийн мотт, оьрсийн мотт санна, «пачхьалкхан мотт» бу аьлла тIечIагIдина ду. Амма яздина хиларх тоьаш дац. Массо а меттехь, цхьа керла закон юкъадаьккхича, цуьнан кхочушдар дика хилийтаран Iалашонца, хьакъ йолччу министерствоша жоьпаллин стаг билгал а воккхуш, муха, хIун дан деза, олий, нормативни акташ кхуллуш хуьлура. Ткъа вайн республикехь иза дина дац. «Пачхьалкхан мотт» бохург дукхах болчу нахана хIун ду а ца хаьа. Уггаре а хьалха, муьлххачу а структуре дехар (заявлени) нохчийн маттахь яздан а, оцу маттахь хьайна жоп деха а хьуна бакъо луш хилар ду. Ткъа оцу балхана вайн «чиновникаш» нохчийн мотт хууш хила беза. Цундела, Iедалан балха оьцуш волчу стаге, нохчийн меттан экзамен ялийта езара. Ткъа иза лелон дезар дацара, вай шерашкахь дийца а дуьйцуш, «кечам бац» бохуш, лаьтташ долу, школашкахь юьхьанцарчу классашкара дешар, вайн къоман маттахь хилийтаран гIуллакх чекхдаккхахьара. Кечамна саготта цхьа стаг а волчух тера дац.

Школашкахь нохчийн меттан сахьташ лахдар доцург, толуш хIумма а дац. Къоман школа кхиорехь, Россин кхидолчу халкъел дуккха а тIаьхьадисина вай (я тIаьхьакхиа гIерташ къахьоьгуш а дац).

Цунна тоьшалла до Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас. Цо нийсса жоп делла нохчийн маттана дуьхьалболчарна («оппоненташна», ма-дарра аьлча, къам цадезачарна).

Цо билгалдоккху: «Нохчийн мотт цахаарх стаг вахалур ву, рицкъ а даккхалур ду (иза коьртаниг делахь а), амма шен къоман башхаллех, билгалонех стаг дIахедар ву. Шен дайшца йолу зIе хедар ю. Дийнатех тарлур ду-кх вай». ЖамI деш, боху: «Дела реза хинволу гIуллакх а дац иза. Сийлахьчо вай нохчий долуш кхоьллина, вайга иза хетта а ца хоьттуш. Делан лаамна вай реза ца хила йиш яц».

Ас цуьнан дешнаш хийца а ца гIерташ, ма-дарра схьаяздина, уьш сан даггара долу дела а, цул дика суна ала хуур доцу дела а.

КхоалгIаниг – коьртачех. Вайн гIаланашкахь, ярташкахь, наггахь а къоман маттахь йоза гой вайна? Дера, пачхьалкхан учрежденешкахь гочдарш-м ду. Амма цхьа урам, туька, кхийолу пачхьалкхан я долара объект нохчийн маттахь цIе йолуш-м яц, моьттур ду вай цхьана оьрсийн областе кхаьчна. Хала ду иза яздан? Оьрсийн меттан санна кириллица а ю, цхьаъ бен вешан элп а доцуш. Вайн халкъан юьхь ма ю иза, муьлххачу а, тIевеанчу хьешана уггаре а хьалха гуш дерг оцу къоман йоза, гIиллакх ду.

Хала нисдан дезаш хIума а дац иза, меттигерчу Iедало цхьа сацам (распоряжени) бича тоьар долуш. Вайн законо магош хIума а ду иза. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах урам», аьлча хаза хир дацара? «Магазин» метта «туька» аьлча дика дацара? «Столовая», «Кафе» метта – «кхачанан чоь». Масане ду уьш вайн хазачу нохчийн маттахь яздан йиш ерш. Кхечу къомах берш ца кхетарна кхоьру техьа вай? Ма сиха Iемар бара уьш. Тидам хиллий вайн, вовшашца къамел деш, баккхийчара а цхьаьна, терахьаш муха дуьйцу? Цхьаболчарна «терахь» боху дош хIун ду а, нохчийн маттахь дагардан а ца хаьа.

Вай дагардина кхо хIума вовшашца хоттаделла а, доьзна а ду.

Уьш кхочушдича гIуллакх меттахдер дара. Муьлхха а мотт кхиорехь кхолла дезаш ду мотт нахана шайн дахарехь оьшуьйтур долу хьелаш (востребованность). Школехь Iамош а хилча, (хIинца Iамабар Iамор дац; шена луучо Iамабо,ткъа лууш берш кIезиг бу), балхахь а, дахарехь а оьшуш хилча мотт толур бу, хазлур бу, кхуьур бу.

Вайна массарна а хаьа а хууш, аьлча дуккха нахана Iотталур дуй хууш, вай ала ца хIуттуш кхин цхьа хIума ду. Вайн къомана юкъахь тIебаьхкина нах дукха бу. Уьш шаьш нохчий бу бохуш лелаш бу, царах дукхахберш, нохчий а хилла, нохчийн гIиллакхаш а лелош, нохчашна бохам тIебеача хала а хеташ, нохчашца белшах белш а тухий, дIа хIуьттуш болу нах бу. Оцу тайпа наха шаьш миччахьара, хьанах схьадевлла лечкъа а ца до, и эхь доций хууш. Амма цхьа дакъа ду вайн махка тIом чубеача хаза а хеташ, вайга: «Нохчий майра нах бу! Вай ваьш даллалц тIом бан беза!», – бохуш, вай вуочу гIуллакхашна марса а дохуш, шаьш юьстах а Iаш, вайн къам хIаллакъхилча хазахеташ. Уьш тахана а даккхийчу даржашкахь а болуш, нохчашна нохчийн мотт а, гIиллакхаш а Iамош, яккхий таронаш а йолуш нах бу. Церан нохчийн къомах, нохчийн маттах цуьрриг дог а ца лозу, цара а дуьтур дац вай вешан къоман мотт кхиорехь аьтто хилийта.

ДIаяханчу хенахь, хилла яц вайн къоман мотт кхиорехь йоккха гIулч яккха, тахана санна, аьтто болуш зама. Суна билггал хаьа, и гIуллакх кхочушдалур дерг таханлера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бен воций. Вайна ма хаъара, Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дIадолийна гIуллакх (проект), цо «дан деза» аьлла долу гIуллакх кхочуш ца хуьлуш ца дисний. Амма оццул къомана оьшуш долу коьртаниг – мотт кхиор, цунна и гIуллакх нийса тIедахьа бала болуш стаг волчух тера дац. Иза дан ца оьшу олуш берш а шортта болчух тера ду. Суна-м ца хаьа, стенга яхана вайн къоман интеллигенци, къомах дог лозуш болу нохчийн меттан Iилманчаш?

Хьалха а ваьлла, оцу гIуллакхна цхьа некъ баьккхинарг кхачо йинарг тIаьхьа турпалхо санна, хестош, къомо вазвина, айъина хир ву аьлла чIагIо ян ваьхьар вара со…

А.СУЛЕЙМАНОВ

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: