Лахьанан (ноябрь) беттан 19-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалхарчу майданахь дIадаьхьира машенийн некъашкахь хуьлучу бохамашкахь кхелхинарш дагалацаран гIуллакх. Иза вовшахтоьхнера республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н а, бусалбанийн динан урхаллин а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а, дешаран, Iилманан а, автомобилийн некъийн а министерствийн а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, Юкъараллин палатин а гIоьнца.
Вовшахтохархоша дийцарехь, и гIуллакх лерина дара лахьанан (ноябрь) беттан 20-чу дийнахь билгалдоккхучу Некъан бохамашкахь кхелхинарш дагалацаран дуьненаюкъарчу денна. Цигахь дакъалоцуш бара лаккхарчу дешаран учрежденийн студенташ, школашкара дешархой, юкъараллин организацийн жигархой, водительш, кхиберш. Цаьргахь оьрсийн маттахь «Правила дорожного движения – закон жизни!», «Пристегни свою жизнь!», «Знаешь ПДД – не попадаешь в ДТП!», «Пьяным не место за рулем!», «Встречная полоса – дорога на небеса!» йозанаш яздина йолу плакаташ яра.
Гулбеллачарна хьалха вистхилира республикерчу бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхо Межиев Салахь, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Абазов Рустам, иштта УГИБДД-н а, юкъараллин организацийн а векалш. Цара довзийтира республикин некъашкахь хуьлучу бохамийн бахьанаш а, статистика а, цуьнца цхьаьна водительшка ларлуш хилар а дийхира.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н пропагандин отделан хьаькама Танталашев Адама билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу хенахь, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана а терго латтош, некъан бохамашна профилактика ярехь жигара болх дIабахьар бахьана долуш, некъашкахь хуьлуш болу бохамаш лахбелла.
– Тайп-тайпанчу ведомствоша гIо-накъосталла а деш, оха сих-сиха дIахьо хIокху тайпанан гIуллакхаш. И дерриге а некъашкахь хуьлучу бохамийн барам лахбаран Iалашонца деш ду. Нахана тхо кIордийна а хир ду. Амма оха бохуш дерг цхьаъ ду: некъан бакъе а талхаяй, нехан стагана зен-зулам ма де. Тхуна а, вайн республикин куьйгаллина а, вайн бахархошна а ца лаьа, боьдуш тIом а боцуш, денна а вайн керташкахь тезеташ латта а, вайн доьзалхой заьIап хила а, – элира Танталашев Адама.
Цул тIаьхьа цигахь дакъалоцуш хиллачу водительша, шайн машенийн «аварийкаш» а латийна, некъан бохамашкахь кхелхинарш дагалоцуш, сигналаш туьйхира.
Республикерчу бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахьа доIа дарца дерзийра и гIуллакх.
Дагадоуьйту ООН-н Генеральни Ассамблейн резолюцица нийса а догIуш, лахьанан (ноябрь) беттан кхоалгIчу кIирандийнахь Некъан бохамашкахь кхелхинарш дагалацаран дуьненаюкъара де (World Day of Remembrance for Road Traffic Victims) 2005-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш хилар. Оцу дийнахь некъан бохамашкахь кхелхинарш дагалацар а, юкъардешаран учрежденешкахь тематикин лекцеш яр а, стигала бес-бесара лоппагаш дIахецар а ламаст хилла схьадогIуш ду.
И.АДАМОВ
№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо