Белхазалла лахлуш ю

Нохчийн Республикин къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствос кхочушъеш йолу программаш бахьана долуш хIокху шарахь 12 эзар стагана белхан меттигаш нисйина.

2016-чу шарахь республикехь дIаязбеллачу белхазхойн барам 70 эзар бара. Вай лакхахь билгалъяьккхинчу министерствос кхочушбеш йолу программаш бахьана долуш, церан барам 58 эзар стаге охьабаьлла таханлерчу дийнахь. Оцу программашца нийса а догIуш, республикин бахархошна гуттаренна я, кхин болх хиллалц, ханна белхаш нисбо. Цул сов, луучаьрга говзалла караерзоран курсаш а йохуьйту.

Нохчийн Республикин къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствон белхан меттигаш нисъяран департаментан директоран заместитела С.Умаевс билгалдаьккхина ма-хиллара, республикехь белхазалла официально 16 проценте кхаччалц лахъелла.

– Республикехь белхазалла кхин а лахъярна тIехьажийна дуккха а проекташ ю. Оцу проектийн гурашкахь 1 201 стагана болх нисбан лерина ду тхо. 2007-чу шарахь 76 процент хилла йолу белхазалла, таханлерчу дийнахь 10,2 проценте охьаяьлла, – элира С.Умаевс.

Хь.ДАУДОВА

№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: