Къарвалар девзаш вацара

DSC_0201

Ахьмад-Хьаьжа а, со а цхьана тайпана – бено ву. Тхан деда, Iумар-Паша хилла цуьнан цIе, цхьана муьрехь Кадыров Iабдул-ХьамидагIаьргахь, Хоси-Юьртахь Iийна. Тхан дас дуьйцура шена дага а догIуш  шен да цхьана а дийнахь шен цIахь вижина буьйса йоккхуш Iийна вац, бохуш. Цкъа тхов тIехь, юха божлахь, тIаккха Iабдул-Хьамид волчохь буьйсанаш йохуш лелла иза. Iедало хьийзош хилла иза бусалба дин лелор бахьанехь. Шена тешаме гIортор карийна хилла Iумар-Пашина КадыровгIеран доьзалехь.

Ахьмад-Хьаьжа суна бераллехь дуьйна вевзина ву. Сол ворхI шо воккха вара иза. Тхойшиъ кест-кеста зуькарехь цхьаьнакхетара. Цхьаьна хуьлура тхойшиъ зуькарехь а, мовладехь а, ламазехь а, кхийолу Iамал еш а. Иза тIаьхьа Ташкенте деша вахара. Цигахь бусалба Iилма а Iамийна цIа веара. 90-чу шерийн юьххьехь Гуьмсерчу маьждиган имаман наиб хIоттийра. Ткъа имам, гIазот а кхайкхийна, ведда Алма-Ата дIавахча, Ахьмад-Хьаьжа оцу маьждиган имам хIоьттира.

Сан дахарехь массо а хIума хийцаделира Ахьмад-Хьаьжа неI а йиллина цIеххьана чоьхьаваьллачу Iуьйранна. Чоьхьа а ваьлла, салам-маршалла а хаьттина: «Соьца цхьаьна муфтияте балха ван веза хьо», – элира цо. Суна эхь хийтира. Сайна Iаьрбийн мотт ца хаьа элира ас. Соьгара иштта жоп хазаре хьоьжуш Iийча санна: «ХIумма а дац. Нохчийн маттахь дуьйцур ду ахь», – элира Ахьмад-Хьаьжас. ШолгIачу дийнахь балха аравелира со.

Тхайн балхана «Минуткера» цхьа хIусам лаьцнера оха. Со цуьнан заместитель вара. Ахьмад-Хьаьжа даима а цхьанхьа дIасаваха везаш хуьлура. Цул тIаьхьа Нурадилов Ханпашин цIарахчу ураме дехьа девлира тхо. Цигахь болх бан мелла а бегIийла хьелаш дара, кабинеташ яра. Бакъду, цу чу хIитто хIумнаш цахиларна цхьаьнгара стол, вукхуьнгара гIант, кхоалгIачуьнгара кхин еха езаш хилира.

ХIетахь зама карзахе яра. Шена хеташ дерг Бараевга а, Басаевга а, Масхадовга а юьхьа дуьхьал дIаолура Ахьмад-Хьаьжас. Иза царна чIогIа деза а ца лора. Ас цуьнга олура, жимма ларлуш хилахьа. Ахьмад-Хьаьжас олура шена кIелонаш йийр юй а, питанаш лелор дуйла а хаьа, олий. Делахь а, олура цо, стаг цхьана а хIуманах кхоьруш хила ца веза. «ЦIа чохь хилча тхов тIебожарна кхоьруш, араваьлча стигал тIеелхарна кхоьруш хила ца веза стаг. Ларлуш хила веза, амма веккъа цхьа АллахI (С.Т.) воцчух цхьаннах а кхоьруш хила ца веза. Делан оьгIазлонах кхера веза, Дела веза а веза», – олура цо. Иштта стаг вара иза. Кхин цхьа дика амал а яра цуьнан: цхьана хIуманна тIехь галваьлча, цкъа а стагана иза дуьхьал ца тухура цо. Цкъа хоуьйтура хьо гIалатваьлла хилар, цул тIаьхьа кхин иза хьаха а ца дора. Уггаре а коьртаниг – стагана гечдеш, къинтIера волуш вара.

Суна дагахь лаьтта Нурадилов Ханпашин урамехула схьавогIуш  цунна йина кIело, дика эккхийтар. Оцу дийнахь Ахьмад-Хьаьжа соьга ша Шела тезета воьду аьлла чуьра аравелира. Цхьа минот а ялале эккхар хилира. Суна Ахьмад-Хьаьжа дагавеара. ХIунда аьлча, цунний бен бина хуьлийла дацара и тешнабехк… Когаш Iуьйра араиккхира со. Ирча сурт дара сан бIаьргашна хьалха хIоьттинарг: эккхийтина машен, гуобаьккхина Iохку аьчгаш, цIе, кIур… Юха Ахьмад-Хьаьжа гира суна. Суна хазахийтира, айса хIун леладо а ца хууш хьаьдда тIевахана иза маракъевлира ас, цигара юьстаха дIаозийра. Шек дIа а воцуш лаьтташ вара иза. Цуьнан синтеме хиларх цецваьллера со. Цуьнан юьхьа тIехь цуьрриг а хийцам бацара. ХIумма а ца хилча санна паргIат лаьттара Ахьмад-Хьаьжа.

ТIаьхьа гучуделира кхуьнан машенна уллехь мина йиллина йолу машен эккхийтина хилла хилар. Амма со гуттар а чIогIа цецвелира Ахьмад-Хьаьжа юха а шен машенна тIеволавелча. «Ахь хIун до?» – аьлла шега динчу хаттарна, цо шек а воцуш, жоп делира: «Шела воьду-кх», – аьлла.

ХIетахь цуьнгахь суьлхьанаш дара. Уьш Хонкарара деанера цо, цхьана цIеяхханчу Iеламстага делла. Суьлхьанаш даима а шеца леладора Ахьмад-Хьаьжас. ХIетахь а ша оцу суьлхьанаша ларвина олура цо. Иза Делах чIогIа тешаш стаг вара.

Ахьмад-Хьаьжа шатайпа амал йолуш вара. Цо кIелхьарадаьхна вай. Боккъал а кIелхьарадаьхна хIаллакьхиларх. Iуьйранна араваьлча суьйранна цIа кхочур ву-вац ца хууш кхераме, къиза зама яра иза. Ткъа тахана маьрша, синтеме ду вайн дахар. Хьайна луъучу метте ваха маьрша ду дийнахь а, буса а. Адамийн дегнаш тIера сингаттам дIабаьлла, церан яххьаш елаелла-екхаелла ю. Иза иштта хилийта шех сагIа дира Ахьмад-Хьаьжас. Шен мерза са дIаделира халкъан дуьхьа. Цунна хаьара ша дукха вехар воцийла. Хаьара ша лийр вуйла. Амма цхьана а халонна, кхерамна бIокъажор болуш, юхавер волуш вацара иза. Европехь, дуьненарчу политикашна хьалха къамел дечу хенахь цо дIахьедира ша тIом сацо ойла йолуш вац, ткъа гуттаренна а дIабаккха нийят долуш ву, аьлла.

Мичча меттехь хиларх – Нью-Йоркехь, Страсбургехь, кхечанхьа – долуш дерг ма-дарра дIаолура цо, цхьаннах а ийза а ца луш. Иза, боккъал а, АллахI воцчух цхьаннах а кхоьруш вацара. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа гIараваьлла политик, Iеламстаг вара. Цо хийцира Россин пачхьалкхан а, дуьненан а историн болар. ХIетте  а мискъалазарраттал куралла яцара цуьнгахь. Амма оццу хенахь ондда амал а, кIорггера хьикмат а долуш стаг вара иза. Иштта вара иза бала-гIайгIа дукха лайначу шен халкъан лазамаш, гIайгIанаш шен дагчохь къуьйлуш, царна сагатдеш воллушехь. Иза санна адамийн лазамех, хьашт-дезарех кхеташ стаг хир а вацара.

Ахьмад-Хьаьжа пачхьалкхан а, политикин а, динан а цIеяххана гIуллакххо вара. Политикин а, маслаIатдаран а болх вайн махкахь бина ца Iаш бусалба пачхьалкхашкахь а бора цо. Арахьарчу политикехь деш долу гIуллакхаш а кхиаме дара цуьнан. Дозанал арахьа вахча цо юкъа а дохура, чекх а дохура пачхьалкхан мехалла йолу гIуллакхаш.

Делахь а, уггаре а хьалха иза Iеламстаг вара. Цо адамашка кхайкхам бора «бакъле вай», бохуш. Ша а вацара иза бакъдерг бен дуьйцур долуш. Цо даима а олура: «Ас доьху шуьга, бакъдерг дийцийша, Iаьржаниг а, кIайниг а къастадайша. ХIара вахабизм ю, хIара тIарикъат ду алийша. Ас шуьга кхин доьхуш хIума а дац».

Бакъдерг дезаш вара иза. Цундела цо толам а баьккхира. Толам баьккхира цуьнан некъо. Толам баьккхира цуьнан гIуллакхаша. Цунна бакъдерг дезарна хилира иза. Ахьмад-Хьаьжа цIена бусалба а, тIех дика политик а,  куьйгалхо а, динан хьехамча а, нохчийн халкъан бакъволу тхьамда а вара. Юхавалар, къарвалар хIун ду ца хууш волчу цунна чIогIа дезара шен халкъ. Иза лардан юкъйихкина араваьлла а вара Ахьмад-Хьаьжа. И бахьанехь цуьнан сий-ларам бира Россин Президента. В.Путина лаккхара мах хадабора цуьнан, цо шен дагахь дерг схьааларна а, къар ца валарна а, кхералуш ца хиларна а, майра хиларна а, шен халкъ, Даймохк чIогIа безаш хиларна а.

Ахьмад-Хьаьжа даима а доьшуш, Iемаш вара. Цо дукха йоьшура. Светски а, динан а кIорггера Iилма, хаарш долуш вара. Цунах цкъа а дозалла а ца дора. Цундела аьтто белира цуьнан дерриге дуьненна а ша воккха политик хилар дIагайта. Дуьненахь мел хуьлуш дерг хаьара цунна, хаьара цуьнан нийса мах хадо.

Шеца янне а куралла, мекарло йоцуш стаг вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза-м муфти а хIоьттира, массо а кхера а велла, жоьпалла тIеэца вахьа а ца ваьхьна, дIасаведдачул тIаьхьа. Амма хIара жоьпаллех кхоьруш вацара. Кхоьруш вацара шена хеташ дерг чекхдаккха. Ахьмад-Хьаьжас Масхадовга а, цунна юххе бевллачаьрга а дIахьедора республикехь низам хIоттаде, республикера вахабиташ арабаха, Нохчийчоь когахIоттае бохуш. Амма Масхадов дукха  кIеда вара, кхоьрура Ахьмад-Хьаьжас бохург дан. Вахабиташа, шариIат дIа а кхайкхийна, харцо лелош бара, кегарий беш бара. Ахьмад-Хьаьжина хаьара цо стенна тIедалор ду.

Со теш вара Ахьмад-Хьаьжас тIех чолхечу хьелашкахь шен халкъан хьашташ лардаран, Нохчийчохь машар, барт хилийтарехьа къахьегаран, шен къоман хиндолчун дуьхьа, мехкан хиндолчун дуьхьа хала сацамаш тIеэцаран. Ахьмад-Хьаьжа, ша юьхьарлаьцначу некъа тIера дIаса ца хьаьвзаш чекхвелира. Шен халкъ тIеман цIергара, бохамашкара даьккхира, шен са дIа а луш. Иза тешна вара Нохчийчоь Россехь уггаре а исбаьхьа, зазадоккху регион хилла дIахIуттург хиларх. Цо шен дерриге а дахар халкъана дIаделира. Таханлера республика цуьнан сатийсам бара.

Иза башха къонаха вара, халкъо къобалвина волу, халкъо сий-ларам беш волу. Цо дерриге а дира Нохчийн Республикехь машар а, синтем а хилийтархьама. Дала гечдойла цунна! Дала къинхетам бойла цунах! Дала гIазот къобалдойла цуьнан!

Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдеш тахана халкъана хьалхаваьлла вогIуш цуьнан кIант хилар вайна боккха синтем а, юьхькIам а бу, дозалла а ду.

ОДАЕВ Хьамзат 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: