Билгалдаьхна 2017-чу шарахь тодийр долу цIенош

Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос хIоттийна «Нохчийн Республикехь дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яр» регионан программа кхочушъяран йоццачу ханна лерина йолу план. Иза тIечIагIйина Нохчийн Республикин Правительствон 2016-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 28-чу дийнахьлерчу №279 йолчу сацамца.

article52

Билгалдаьккхинчу кехатца нийса а догIуш, 2017-чу шарахь капитальни ремонт йийр ю Соьлжа-ГIалахь а, Курчалойн, Нажи-Юьртан, Хьалха-Мартан, Шелан, Грозненски, ТIехьа-Мартан кIошташкахь а долчу дукха петарш йолчу 76 цIенна. Юкъара барам 250 эзар сов квадратни метр йолчу оцу цIеношкахь Iаш 4 974 стаг ву. Бан леринчу белхийн мах 256,8 миллион соьман барамехь бу.

Дагадоуьйту, «Нохчийн Республикехь капитальни ремонт яран хьокъехь» долчу Законца нийса а догIуш, капитальни ремонтан белхашна юкъадогIу гIишлойн хьалхе а, тхов а, лармин чоьнаш а тояр, хица, газаца, серлонца, йовхонца кхачояр, цIеношна чоьхьарчу инженерни системашна ремонт яр, ресурсех пайдаэцарна хьесапдаран гIирсаш (дерриге цIенна) дIахIиттор.

Тодан дезачу дукха петарш йолчу цIенойн (хIора а цIа чохь бан беза белхаш билгалбаьхна а болуш) буьззина барам бовза таро ю Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон официальни сайта тIехь «Капитальни ремонтан система» аьллачу декъехь.

А.ВАХАЕВА

№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: