Пахаев Мовлдин цIарахчу музейн – 10 шо

ХIокху деношкахь Грозненски кIоштан Йоккхачу АтагIарчу Пахаев Мовлдин цIарах №3 йолчу школехь билгалдаьккхира вевзаш волчу хьехархочун, мохкталлархочун Пахаев Мовлдин цIарахчу историн-мохкталларан музейн 10 шо кхачар. М.Пахаевс кхоьллина музей хьалха кхечу меттехь, хьелаш ледара долуш хиллехь хIинца мел оьшург а долуш, тоьллачех хир ю.

IMG_7648

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан а, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, Грозненски кIоштан администрацин векалш а, юьртарчу маьждиган имам а, школин хьехархой а, Пахаев Мовлдин доьзал а, цуьнан йиша Пахаева Займан а, иштта иза вевзаш, цуьнца цхьаьна доьшуш хилларш а. Гулбеллачара цIен аса хадорца, даздаран хьолехь схьайиллира школерчу музейн керла чоь.

Кхузахь бара нохчийн къоман Iер-дахаран а, историн а мехала гIирсаш а, тайп-тайпана документаш а, Йоккхачу АтагIан историх а, бевзаш болчу атагIхойн дахарх а лаьцна долу тептарш а. Школин векалша дийцира Пахаев Мовлдин дахарх а, музейн историх а, цуьнан экспонатех а лаьцна.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша а билгалдоккура Пахаев Мовлдис шен юьртан а, мехкан а дуьхьа къахьоьгуш хьуьнар гайтина хилар. Цара дийцарехь, М.Пахаевс бинчу белхан мах хадо хала ду, хIунда аьлча, мохкталлархочо гулйина материал а, йозанаш а доккха маьIна долуш ду.

Пахаев Мовлди Йоккхачу АтагIахь вина а, кхиъна а ву. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь дешна. Цул тIаьхьа болх бина шен юьртарчу №3 йолчу школехь. И школа схьайилличхьана дуьйна ала мегар долуш цигахь къахьоьгуш вара иза. Цо доккхачу жоьпаллица болх бора берашца. Суртдилларан хьехархо вара иза. Иштта, гурахь а, бIаьста а бераш Iаламе бIаьргтоха дуьгуш а, церан самукъадериг деш а, уьш кхетош-кхиорехь доккха дакъалоцура цо. А.Пушкинан а, А.Фетан а, С.Есенинан а байташ йоьшуш хазахетара цунна. Шен Даймохк а, Iалам а, шен болх а чIогIа дукхабезаш вара Мовлди. Юьртах, юьртахойх Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначех, культурехь, Iилманехь, кхечу дакъошкахь бевзаш болчарех хIораннах а лаьцна материал гулъеш къахьоьгура цо. И дерриге а школерчу, ша куьйгалла дечу мохкталларан музейхь охьадуьллуш дара. ЦIеххьана хедира Пахаев Мовлдин дахаран некъ. Халахеташ делахь а, иза дийна волуш, цуьнан цхьа а болх зорбане ца белира. Иза могIарера стаг, юьртара хьехархо вара, цунна дина цхьа а совгIат а дацара, я иза цунна оьшуш а дацара, бахаман дуьхьа болх беш вацара иза, цунна коьртаниг адамийн а, тIекхуьучу чкъуран а дуьхьа къахьегар дара. Шен дерриге а дахар, кIадвалар доцуш, шен юьртан истори Iаморна а, талларна а дIаделира цо. Ша кхалхале цхьа де хьалха, шен юьртахочун, дуьненахь а вевзачу хелхарчин Эсамбаев Махьмудан цIарах йолу музей схьайоьллуш дакъалецира цо.

Пахаев Мовлдин белхаш бахьанехь вайна евзина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу Йоккхачу АтагIарчу дуккха а бIаьхойн цIерш, иштта девзина Йоккхачу АтагIан историн а, культурин а декъехь долу дуккха а бакъдерш, хилларш.

I.МУРТАЗОВ

№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: