Бакъонаш йовзийтарехь гIо до

ДIадаханчу пIераскан дийнахь Берашна шайн бакъонаш йовзийтарехь гIодаран денна лерина дуккха а гIуллакхаш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан тайп-тайпанчу учрежденешкахь.

Берийн бакъонаш

«Россин Федерацехь юридически маьхза гIодаран хьокъехь» долу Федеральни закон кхочушдарна тIехь терго латточу Правительствон комиссин сацамца ерриге а Россехь а лахьанан беттан 20-чу дийнахь даздеш ду Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIодаран де.

И де дIадахьарна тIехь терго яран гIуллакхаш дIахьош ю Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолу урхалла. Оцу дийнахь Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIодарна лерина гIуллакхаш дIахьош дакъалецира Нохчийн Республикехь Берийн бакъонашкахула волчу векалан а, Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министерствон а, къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствон а, Ерригроссин «Россин юристийн ассоциаци» юкъараллин организацин а, Нохчийчоьнан Адвокатски а, Нотариальни а палатийн а векалша.

Оцу дийнахь пачхьалкхан тайп-тайпанчу учрежденешкахь берийн бакъонаш йовзуьйтуш гIуллакхаш дIадаьхьира лакхахь билгалбаьхначу Iедалан органийн векалша.

Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин коммерцин йоцчу организацешца зIенаш латторан отделан хьаькама М.Джамалуевс шен къамелехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Берийн бакъонаш йовзийтарехь гIодаран денна лерина республикехь дуккха а мероприятеш дIаяьхьна оцу дийнахь.

Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIодаран де билгалдаккхаран Iалашо ю буоберашна а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берашна а, заьIап берашна а, церан дай-наношна а маьхза юридически гIодар.

Хь.БАХТАЕВА

№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: