ХIокху деношкахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана коррупцина дуьхьал къийсам латторан комиссин кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира карарчу шеран 11 баттахь бинчу белхан жамIаш а, 2017-чу шарахь дан леринарг а.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира Россин Федерацин Президентан В.Путинан Указаца нийса а догIуш, Нохчийн Республикехь коррупцина дуьхьал къийсам латторан къоман стратеги тIеэцна хилар.
– Хьаьттан (август) беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийн Республикин кхочушдаран органашкахь 2016–2017-чуй шерашкахь коррупцина дуьхьал къийсам латторан план къобалйина ас. Коррупцица къийсам латтор пачхьалкхан тIегIанера а долуш, мехкан а, республикин а экономикин кхерамазаллин гIуллакх ду, – элира цо.
Иштта цо дийцира, республикин бахархоша дIалуш йолчу налогашна тIекховдар а, бизнесменашкара а, бахархошкара а кхаьънаш дахар а цхьанна а могуьйтург цахиларх лаьцна а.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана муьтIахь а долуш, республика денна а кхиорехь къахьоьгуш ду вай. Цундела коррупци Iедалан а, дахаран а дерриге а тIегIанашкахь дIаяккха еза, – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа меттигерчу муниципальни органаша пачхьалкхан закупкаш ярехь законодательство Iалашдарх лаьцна доклад йира монополина дуьхьал къийсам латторан федеральни службин республикехула йолчу урхаллин хьаькаман декхарш кхочушдечу Гойгиев Микаила. Цунна хетарехь, оцу декъехь республикехь долу хьал гуонахарчу субъекташкахьчул а дика ду.
– Аьрзнаш дарца доьзна, тхайн планашкахь боцу талламаш бар луларчу субъекташкахьчул а кIезиг ду тхан. Карарчу шеран 11 баттахь иштта таллам оха 8 бен ца бина. Амма муниципальни органаша пачхьалкхан закупкаш ярехь, прокуратурин гIоьнца, 510 административни гIуллакх а долийна, 6 миллион 924 эзар соьмана гIуда тоьхна оха, – элира цо.
Гойгиев Микаил къамел дина ваьллачул тIаьхьа, гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима бовзийтира урхалла даран а, ЖКХ-н а компанеша кхочушдечу хьаштийн тарифашца доьзначу гIуллакхашкахь коррупцина дуьхьал къийсам латторехь беш болу болх.
– Карарчу шарахь, «хIусамийн» законодательство кхочушдарца нийса а догIуш, коррупцина дуьхьал къийсам латторехь 174 таллам бина тхан ведомствон белхахоша. И болх бар бахьана долуш, 89 административни гIуллакх а долийна, 1 миллион соьмана гIуда а тоьхна. Иштта билгалдаккха догIу хIиттийна йолу тарифаш нийса яц аьлла а, ас куьйгалла дечу министерствехь шайгара кхаьънаш дехнера аьлла а бахархошкара цхьа а арз кхаьчна цахилар, – дийцира Зайпуллаев Муслима.
Докладаш чекхъевллачул тIаьхьа, Кадыров Рамзана республикин кхочушдаран ерриге а органашна коррупцина дуьхьал къийсам латтор лахцадар тIедиллира. Цо билгалдаьккхира экономикера хьал мелла а чолхе делахь а, республика денна а кхуьуш йогIуш хилар а, юьхьанца кхочушъян тIелаьцна хилла йолу яккхий проекташ кхочушъяр сецна цахилар а. Республикин Куьйгалхочунна хетарехь, инвесторш республике богIуш хилар а, церан барам хIора а шарахь лакхаболуш хилар а уггаре а коьрта совгIат ду Iедало бечу балхана.
– Кхузахь бизнесе болх байтарна хьелаш кхолларехь вай динчу гIуллакхийн жамIаш ду уьш. Оцу декъехь беш болу болх лах а ца беш, республике кхин а алсам инвестицеш яло еза. Вай дIагайта деза Нохчийчохь закон а, къепе а Iалашъеш хилар, маьрша а, кхерамаза а дахар хилар, – элира Кады- ров Рамзана.
Билгалдаккха догIу, кхеташонехь хьахийра «Чеченнефтехимпром» компани Нохчийн Республикин дола схьаяларан гIуллакх цкъачунна къаьстина даьлла цахилар.
И.ХАСАХАНОВ
№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо