«Къилба Россин археологи а, истори а»

Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультетан доцент, профессор, археолог волчу Багаев Мусан 75 шо кхачарна лерина Ерригроссин Iилманан-практикин конференци. Иза дIаяьхьира оццу университетехь. Цигахь докладаш а йира, дакъа а лецира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента, профессора Гапуров ШахIруддис а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон къоман политикин департаментан куьйгалхочо, историка Хатуев Ислама а, кхечу регионашкара баьхкинчу археологаша, историкаша, профессорша, студенташа.

20161116_104435

Конференци дIайолош Муса декъалвеш университетан ректоран Саидов Заурбекан тIедилларца вистхилира цуьнан хьалхара заместитель Киндаров Заур.

– Муса вайн пачхьалкхан а, дуьненаюкъарчу тIегIанан а Iилманча ву. Нохчийн халкъан историна шен археологин белхашца йоккха хазна юкъайиллина цо. Муса санна волу Iилманча вайн къомах схьавалар доккха совгIат ду вайна, – билгалдаьккхира цо.

Кхечу регионашкара бахка йиш йоцуш бисинчу цуьнан накъосташа М.Багаев декъалвеш видеокийсак гайтира. Юбиляр декъалвеш Азербайджанера, Къилбаседа ХIирийчуьра телеграммаш яра яийтина.

Цул тIаьхьа вистхилира Гапуров ШахIрудди.

– Муса, хьо студенташна хилла ца Iаш, белхан накъосташна а масал хилла лаьтташ ву. Со кхечу регионашка дIасавахча хьан цIе яьккхича тоьаш хуьлу. ХIунда аьлча, хьо массарна а дика вевзаш а, лоруш а ву, – элира цо.

Декъалдар дерзийча, «Кавказан сардал хиллачу инарлех А.П.Тормасовх» лаьцна доклад йира цо. Иштта, «Россин пачхьалкх ларъярехь кавказхоша дакъалацаран истори» доклад йира Хатуев Ислама, «XVI-XVIII-чуй бIешерашкахь хиллачу нохчийн къоман духарш» доклад йира Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн къоман историн кафедрин заведующис, доцента Абдулвахабова Бирланта; «XVIIIXXI-чуй бIешерашкахь ГIизларан истори» доклад йира Дагестанан пачхьалкхан университетан юкъарчу историн кафедрин профессора Джахиева Эльмирас, иштта кхечара.

Хьешашна а, хьехархошна а, студенташна а чIогIа маьIне конференци яра иза. Герггарчу хенахь оцу тайпана конференци кхин а дIаяхьа барт бира иза вовшахтоьхначара. Багаев Мусаца иэсана суьрташ а дохуш, юха а иза декъал а веш, берзийра конференцин болх.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: