«Токхе шинара» – хаамийн кампани

Россехь гIоьналла кхиоран Iалашонца дIайолалуш ю #ТокхеШинара (гIоьналлин дуьненаюкъара де) цIе йолу кампани. Оцу тайпанан дуьххьарлера «шинара» лахьанан (ноябрь) беттан 29-чу дийнахь билгалдоккхур ду.

Q68j_BjVFwk

Россехь и проект дIаяхьарна тIехь Iуналла деш ю Филантропи кхиоран а, цунна гIодаран а «КАФ» цIе йолу фонд. #ТокхеШинара Потанин Владимиран гIоьналлин фондан а, «Дерриге а цхьаьна» гIоьналлин гуламан а, Фандрайзерийн ассоциацин а, Донорийн форуман а, Социальни хаамийн агентствон а, Акхачу Iаламан дерригдуьненан фондан а гIоьнца дIахьур ду.

Россехь гIоьналлин культура кхиор а, гIоьналлин проекташкахь дакъалоцучу бахархойн барам лакхабаккхар а ю дIадолоран Iалашо.

Юкъараллин #ТокхеШинара (#GivingTuesday) дIадолор кхолладелла диъ шо хьалха. Карарчу хенахь иза даьржина 72 махкахь. Лахьанан (ноябрь) беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь оцу дIадолоран гIолоцуш болчу наха гIоьналлин проекташна тайп-тайпанчу сурсаташца гIо-накъосталла а до, цунах лаьцна хаамаш социальни сеташкахула баржа а бо.

Цуьнца нийса а догIуш, Филантропи кхиоран а, цунна гIодаран а «КАФ» цIе йолчу фондо тайп-тайпанчу организацешка #ТокхеШинара дIадолорехь, цуьнан хаамийн накъост а хилла, дакъалаца аьлла, кхайкхам бо.

#ТокхеШинарин хаамийн накъост хилар тIеэцарца цхьаьна, хIора а организаци декхарийлахь хуьлу:

– www.щедрыйвторник.рф сайта тIехь регистраци ян;

– дIадолоран фирменни куц-кеп а, логотип а лелон;

– лахьанан (ноябрь) беттан 29-чу дийнахь муьлхха а гIоьналлин гIуллакх дIадахьа;

– оцу гIуллакхах лаьцна шайн сайта тIехь а, социальни сеташкарчу агIонашкахь а яздан а, www.щедрыйвторник. рф сайта тIехь оцу гIуллакхна масех де хьалха анонс ян а;

– #ТокхеШинара дIадолорехь дакъалацаран жамI дан а, цунах лаьцна (историн хотехь) хаам www.щедрыйвторник. рф сайта тIехь зорбатохийта а.

«КАФ» фондо шен хаамийн накъосташна бакъо ло:

– дIадолоран сайта тIехь регистраци ян;

– дIадолоран фирменни куц-кеп а, логотип а лелон;

– сайта тIехь долчу #ТокхечуШинарин карти тIехь шаьш ян леринчу мероприятина анонс ян;

Контакташ: +7(495)792-59-29; givingtuesday@cafrussia. ru

Билгалдаккхар: Филантропи кхиоран а, цунна гIодаран а «КАФ» цIе йолу фонд социальни декъехь къахьегаран коммерцин йоцу организаци ю. Кхоьллина 1993-чу шарахь дуьйна Россехь болх бечу «CAF Россия» гIоьналлин организацис 2012-чу шарахь.

ХIора а шарахь фондан гIоьнца дIахьо 20 сов гIоьналлин гIуллакх. Фондана финансировани Россин ахчанца бен еш яц. Шозза (2013–2015-гIий шш.) Россин Федерацин экономикин кхиоран министерствон субсидеш а делла цунна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: