Карарчу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь Парламентан IV-чу кхайкхаман депутатийн харжамехь дакъалацар а, халкъо шена тешам балар а бахьана долуш, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор хилла волу Дадаев Ризван Парламентан депутатан декхарш кхочушдан волавелира. Цуьнца доьзна, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу департаментан директоран дарже хIоттийна Абазов Рустам.
Бахархошна Абазов Рустам республикин Куьйгалхочун хьехамча а, Шуьйтан кIоштан куратор а, назманча а санна вевзаш а, лоруш а стаг ву. Керлачу даржехь ша дан леринчух а, шена хетачух а лаьцна дуьйцуш, тхоьца къамел хилира цуьнан.
Рустама дийцарехь, лакхахь хьахийначу департаментан директоран даржехь ша волчу муьрехь иза лерина ву кхетош-кхиоран болх кхин а чIагIбан.
– Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс сайна белларг боккха тешам хиларх кхеташ ву со. Амма иштта со кхеташ ву, хIокху махкахь нохчийн халкъан барт а, машар а, маьрша дахар а хилийтаран дуьхьа кхелхинчу Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхина хиллачу некъах а, и некъ нийса хиларх а тешна, оцу некъа тIехь шайн синош дIаделлачу вайн вежарийн а, йижарийн а дахарх лаьцна а кхин а алсам дийца дезаш хиларх а, – бохура цо.
Цунна хетарехь, республикин бахархойн, къаьсттина тIекхуьучу чкъуран кхетаме дIакхачо деза, Делан пурбанца, тахана нохчийн халкъехь йолуш йолу маршо вайна яьккхинарг Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан некъа тIехь кхелхина болу вайн къоман къонахий а, мехкарий а хилар.
– ХIара департамент вовшахтоьхна дукха хан яцахь а, хIора а бохург санна мероприятехь дакъалоцуш хилар бахьана долуш, тахана бахархошна юкъахь чIогIа гIараяьлла ю. Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторал сов, республикин Куьйгалхочо пачхьалкхан урхаллин органашна хьалха хIиттош долу декхарш кхочушдарна тIехь терго а латтайо, жамIаш а до тхан белхахоша, – элира Абазов Рустама. – Тахана дуьненан тайп-тайпанчу маьIIехь орамаш а тийсина, яьржина терроризм а, экстремизм а. Ткъех шо хьалха кхузахь а дара иштта хьал. Дала вайх къинхетам а бина, ницкъ балар бахьана долуш, вай терроризм а, экстремизм а эшийна. Цаьрца латточу тIамехь кхелхина Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнаш вайн вежарий а, йижарий а. Тахана республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша хьалха а ваьлла, боккха болх дIахьош бу оцу зуламашна дуьхьал. Оцу балхахь цунна тешаме а, муьтIахь а йолуш, болх беш хIара департамент а ю.
Нохчийн Республикин тIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепцех лаьцна дийца дуккха а хиллера Рустаман.
Иза тешаш ву Цхьааллин концепци, карарчу хенахь кхин тIетоха а, дIадаккха а оьшуш хIума а доцуш, кхачам боллуш хиларх.
– ТIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран Цхьааллин концепци тIеэцна вайн махкахь. Иза республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьг яздарца тIеэцна ю. Тахана культурин министерствос ловзаран хатI хийцаделла, иза цхьана хорша дерзо деза бахар а, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-с некъан бохамийн барам лахбан беза бахар а, оцу ведомствийн балхаца нийса догIуш хилла ца Iаш, вай юьйцучу Цхьааллин концепцица а нийса догIуш ду, цу юкъахь воккхачо жимачуьнца лело дезаш долчу гIиллакхан биста кхаччалц дерриге а хьахийна долу дела, – билгалдаьккхира цо.
Абазов Рустама дийцарехь, кегийрхой кхетош-кхиоран концепци тIеэцна масех шо бен дацахь а, цунах хIинцале а беркат даьлла.
– Кхетош-кхиоран концепци тIеэцаран гурашкахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху махкахь мел волу Iеламстаг а, кIоштийн дай а, къеданаш а, наха лоруш болу бахархой а, хьаькамаш а схьа а гулбина, цкъа а вайн Iадатехь хилла а доцуш, амма тIаьхьарчу хенахь чIогIа даьржина хилла долу «зуда ядор» бохуш долу «Iадат» дIадаьккхина. Мел ирча, зуламе «Iадат» дара иза: дас-нанас мацаллах, шелонах, наха цхьаъ аларх, ледарло яларх лар а еш, хала хьалакхиийна йолу йоI, цхьа а гIиллакх а, гIуллакх а доцуш волчу цхьамма, шена иза хазъеллера олий, тIе а кхетий, дIаюьгура. Цунах оцу йоьIана маре а ца хуьлура, иза цхьа-ши шо даьлча цIайогIура. Доцца аьлча, цхьана стага кхечун дерриге а дахар дохадора-кх. Дай-наной шайн йоI араялийта кхераре даьллера и гIуллакх. Дала, Шен боккхачу къинхетамца, республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна и вуон «Iадат» дIадаккха кхетам а, ницкъ а баларца орамашца, дIадаьккхира иза вайн дахарера, – дийцира Рустама. – Оцу концепцин гурашкахь юкъадаьккхина ду доьзал кхолла лаам болчу кегийчу наха шайн догIмашца вуон лазарш цахиларна тоьшаллина кечдеш долу кехаташ а. Юьхьанца, вайна ма-хаъара, дукха нах дуьхьал бара оцу дIадолорна. Амма, цхьажимма хан яьлча, наха иза тIеэцарал сов, дика гIуллакх хилар а къобалдира. Цул тIаьхьа оцу гIуллакхна тидам Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь а бира. И дIадолор Россин ерриге а субъекташкахь даржо лууш хилар а хааделла. Оцу масалша гойту республикин куьйгалло а, вай а бийриг дика а, тIаьхьалонна пайде а болх хилар. Кхин а цхьа хIума тIетухур дара ас: луларчу республикийн векалша вайн тIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран Цхьааллин концепци теллинчул тIаьхьа, вай дIахьош болу болх тIаьхьалонна пайдехь хирг хиларх кхета а кхетта, цунах масал а эцна, шаьш долчохь а дIаболийна оцу гIуллакхна кечамаш баран белхаш.
Къамел ре спубликехь болх бечу юкъараллин тайп-тайпанчу организацийн могIаре дирзича, Рустама билгалдаьккхира, уьш дукха хилар а, мел дукха хиларх а, уьш болх беш хилчахьана, новкъа цахилар а.
– БIеннашкахь юкъараллин организацеш ю вайн республикехь тахана болх беш. Уьш хьалха хIиттинчу Iалашонашкара дIаюьйлаелла, бечу балхаца а, урхаллин кепаца а, таронашца а хийцалуш ю. Амма уьш дуккха а хилар дика ду. ХIунда ду?! Россехь а, арахьарчу пачхьалкхашкахь а цхьа нах бу. Нохчийчохь гуонахарчу дуьненах дIакъовлаеллачу пачхьалкхан дIахIоттаман кеп ю бахар бу церан болх. Ткъа республикехь болх беш меттигера организацеш а, Россерчу а, арахьарчу мехкашкарчу а организацийн филиалаш а хиларо царна ма-луъу иза баха бакъо ца ло. ХIунда ца ло?! Дуьненах дIакъовлаеллачу пачхьалкхан кепехь организацеша болх ца бо. Ткъа Нохчийчохь тахана болх беш, ас лакхахь ма-аллара, уьш бIеннашкахь ю, – элира цо.
Тхан къамел чаккхене дирзича, махкахошка кхайкхам а бийр бара ша элира Рустама. Цунна хетарехь, дахарехь уггаре а коьртаниг Делах кхерар ду: – «Делах кхера ала луур дара суна махкахошка. Делах кхоьручу стага я шена а, я нахана а зулам дийр дац, Iалам а лардийр ду, гIиллакх-гIуллакх долуш а, оьзда а хир ву. Иза цхьаъ ду. ШолгIа делахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхинчу некъана муьтIахь хила ала а луур дара. И некъ нийса ца хила йиш яц. Цо гуттар а вайга баьхнарг «Делах кхерий вай?!», «Даха хьовсий вай?!», «Дала бакъо толайойла!» дара. КхозлагIа делахь, вай вовшашна дезаш а, вовшех дешаш а хила деза аьлла хета суна. Вай вовшашна дезаш а, вовшех дешаш а дацахь, хIокху дуьненахь вайх къахеташ а, вайна орцахвер волуш а цхьа а воций хиъна суна. Азаллехь дуьйна, муьлхха бала а, хало а тIехIоттарх, корта айббина чекх а долуш вайн халкъ кхаьчна таханене. Тахана а ю вайн корта айббина даха бакъо а, бакъо хиларал сов, декхар а. Цхьаьнггара а гIо-накъосталла а доцуш, Делан къинхетамца, яьккхина вайн халкъо шена таханлера маршо. Цуьнан хама бе вай?!», – дерзийра Абазов Рустама шен къамел.
И.ИСЛАМОВ
№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо