Цхьана берана дарба дар а – толам

Геннара дуьйна тIе бIаьрг хIутту исбаьхьа хаза йинчу Заводской кIоштарчу Берийн реабилитационни туьшана. Амма оццул хаза йинчу оцу туьшахь хиллачунна бен хуур дац, муьлхачу дархошца болх беш бу цигара лоьраш. Иза шадерриге а довза лууш кхечира тхо оцу туьшан коьрта лор Батаева Маьлхаьзни йолчу.

20161114_112417

1990-чу шарахь Аштаркхнера медицинин университет чекх а яьккхина, Республикин берийн клиникин больницехь интернатура чекхъяккхина цо. 1993-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалин №1 йолчу Берийн поликлиникехь лор-педиатран болх бина Маьлхаьзнис, 2009-чу шарахь туьшан коьрта лор хIоттаяллалц. 2014-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин могашалла Iалашъяран министерствон берийн реабилитаци ярехула йолчу профильни комиссин декъашхо ю иза.

– Маьлхаьзни, дийцахьа ахь куьйгалла дечу туьшан хьалхарчу гIулчех лаций.

– 2009-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Чинерчу лоьрашца «Чинин ламасталлин медицинин методикица дарба лелоран» программица кхаа шарна бинчу бартаца дIаболабелира хIокху туьшан болх. Дуккха а лоьраш бара цигара балийна. ДЦП цамгар йолчу берашна шайн методикица массажца, физиотерапица дарбанаш леладора цара. Цул сов, юххе баьхна, Iамош вайн говзанчаш а бара. Оцу маьIнечу гIуллакхех дуккха а берашна гIоле хилира, Чине дIабахийта ца оьшуш, вайн лоьрашна церан ламасталлин медицинех пайдаэца Iамийра. Тахана а оццу методикица еш ю массажаш а, физиотерапи а, амма, халахеташ делахь а, дегIанна мехи дохкарца дарба даран лоьраш бац вайн хIинца а.

– Маса бер тIеэца таро ю шун, маса дийнахь йо царна реабилитаци, хIун процедураш ю аш йийраш?

– Карарчу хенахь тхан туьшахь берашна лерина 120 меттиг ю. Царах реабилитационни отделенехь – 90 (5 меттиг цамгарна дан дарба доцучу берашна лерина ю) меттиг, неврологин отделенехь – 30 меттиг. Цул сов, неврологин отделехь дийнахь дарбадаран 15 меттиг ю. Вайн цомгаш бераш дукха хилар бахьана долуш, 21 дийнера 17 дийне яцйина оха реабилитацин хан. Делахь а, оцу 17 дийнахь ян еза процедураш кхоччуш йо оха, 4 бутт чекх моссазза бели юха а тIекхойкху оха я шаьш тIебогIу тхан дархой. Шарахь шозза бен реабилитаци ян ца езарш а бу.

Берийн цамгаре хьаьжжина яздинчу молханца ток а ягайой (когашна, я белшашна, я букъанна) молха дегIах дIаоьйту, цул тIаьхьа лацаеллачу меженашна массажаш йо. Оцу шина процедурах дIакъасто йиш йоцуш ю дарбане физкультура, цу юкъайогIу керлачу технологешца йинчу аппараташца меженашка болх байтаран, рефлексаш самаяхаран процедураш. Могашалла Iалашъяран министерствос доккха гIо-накъосталла до тхан туьшана оьшуш болу медицинин гIирсаш оьцуш.

Кхоъ логопед ю, берашна мотт бийца Iаморал хьалха, царна яахIума яа Iамош. Цомгашчу берийн догIмашна (яххьашна, легашна) массаж еш, церан могашалла меттахIотторехь чIогIа къахьоьгуш бу уьш. Церан наношна доккха совгIат хуьлу Iайг буйна лоцуш, шайн бераш, шаьш хIума яа дуьйладелча.

Иштта психологаш, педагогаш а бу цаьрца болх беш. Тхан психологаша берашца бина а ца Iаш, церан наношца а бо болх. Дукхах йолчу процедурашкахь юххе яьккхина Iамош нана а хуьлу тхан, хIунда аьлча, шаьш цIахь йоккхучу хенахь беран дегI лаца ца далийта массаж еш, мотт буьйцуш, могашаллина оьшуш долчу цхьацца ловзаран кепехь болх беш хила еза нана. Кхузахь 17 де даьккхина дIадигна бер оха дIа ца тосу, зIе латтайо цуьнца. Кхузахь оха, цIахь – нанас, гергарчара беран хаддаза терго йича, сихха гIоле а хуьлий, могаш болчу нехан могIаре дIахутту иза.

20161114_120229

– Схьагарехь, шун туьшахь къона лоьраш алссам бу. Сих-сиха нислой цаьрца мастер-классаш, конференцеш дIаяхьар?

– Лоьрин говзалла денна кхуьуш ю. Дуккха а Iилманчаш бу массо а цамгарна дарба даран некъаш лоьхуш. Цундела оха сих-сиха вайн пачхьалкхан кхечу регионашкара, ницкъ кхаьчча кхечу пачхьалкхашкара лоьраш-Iилманчаш кхойкху церан зеделлачух пайдаэца.

Дукха хан йоццуш Москвара еанчу вайн махкахочо, лор-невролога Бурсагова Бэлас конференци дIаяьхьира вайн республикин берийн неврологашца. Цо дийцира ботулинотерапин методикех лаьцна. Цкъачунна вайн республикехь йоцуш ю и тайпа процедураш яран кабинет. Тхан туьшан ши лор-невролог Москва деша вахийта дагахь ю со. Оцу процедуро гIо дийр ду ДЦП йолчу беран лацаделла дегI паргIатдаккха.

– Карарчу хенахь лоьраш тоьаш буй шун?

– Говзанчаш тоьаш бац. Таханлерчу дийнахь оьшушверг дарбадаран физкультурин ши лор ву, ЛОР-врач ву. Алапаш лакхара делахь а, балха бахка луурш кIезиг бу. Кхузахь реабилитацехь долчу берашца болх бан, уггаре а хьалха и бер дезаш, цуьнца мотт бийца, иза Iехо, доцца аьлча, психолог хила везаш ву. Оцу декхаршца тхан лоьраш ларош бу аьлла хеташ ю со. Иза иштта хиларна дало дуккха а масалш ду. ГIудалкха чохь схьадалийна бер кога а доьдий дIадахча, гIудалкх эца таро йоцуш болчу мискачарна шайн гIудалкх сагIина а юьтий дIабоьлхуш меттиг а нисло. Цхьана берана хилла а гIоле хилар тхайн толам хета суна.

– Цомгаш долчу берийн, церан нанойн самукъадаккхаран гIуллакхаш вовшахтухий аш?

– Тхо долчохь сих-сиха хьошалгIахь хуьлу Соьлжа-ГIалин Культурин департаментан белхахой, Берийн тайнигийн театран актераш. Самукъане иллеш аьлла а, туьйранашна юкъара сценкаш гайтина ца Iаш, берашна совгIаташ а до цара. Тайнигех я йиш локхуш, гIовгIанех кхоьруш а хуьлу цхьадолу бераш. Царна дуьне довза тайнигаш оьшуш юй хоуьйтуш, юххехь психологаш хуьлу, уьш дерригенах кхетош, кхерам цахиларх тешош.

– ХIун сатийсам бу хьан балхаца боьзна?

– Сан сатийсам, дархошна хIокху туьшахь дарба а карийна, шайн дахаран новкъахь уьш ирсе хилар бу.

– Дала мукъ лахь, хьан сатийсам кхочуш хир бу! Тхан хаттаршна жоьпаш даларна хьуна Дела реза хуьлда!

М.ВЕГИЕВА

№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: