Нохчийн Республикин хIора кIоштахь а, юьртахь а турпала наной дуккха а бу. Суна дийца лаьа ТIехьа-Мартан кIоштан ШаIми-Юьртарчу яхархочух, турпалчу ненах Хаджимурадова Зулайх лаьцна.

Иза йина 1940-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь оццу кIоштарчу Котар-Юьртахь. Зулай массарал йоккханиг йолуш, доьзалехь ворхI бер хилла. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах махках бохучу хенахь, Зулай кхо шо кхаьчна яра. Дас-нанас ийман, оьздангалла, гIиллакх марздеш кхиийра шайн доьзал.
Казахстанехь ша 15 шо кхаьчна йолуш, цIера араяьлла иза, ШаIмиюьртахойн нус хилла. 1957-чу шарахь Нохчийчу цIа баьхкина уьш. ШаIми-Юьртарчу «Овощевод» совхозехь хасстоьмаш кхиош 35 шарахь болх бира цо. Зулай чIогIа къахьегна ю. Совхозехь болх бечу хенахь ша чу еача а шайн цIера 40 соти латта дуьйш-лелош хилла цо. Вайна хууш ма-хиллара, Советан Iедало дIайюьйш йоцу керташ дIайохуш хилла. Кхуьуш кIентий хиларна, царна цIенош дан а, баха меттиг хилийта а лелош хилла Зулайс шайн долахь долу латта. ХIинца цо лелийначу лаьтта тIехь цуьнан кIентий бу бехаш.
Исс доьзалхо кхиийна цо, ворхI кIант а, ши йоI а. Ийманехь а, гIиллакхца а, барт болуш а доьзал бу цуьнан. Iедало елла 4 «Ненан сий» медал а ю Зулайн. Иштта, «Овощевод» совхозехь дика болх барна елла Сийлаллин грамоташ а, «Къинхьегаман ветеран» мидал а ю. Ши кIант кхелхина вуон лайна нана а ю иза.
Цуьнан бераш школехь дика доьшуш, хьехархошца лараме а, аьллачунна тIехь а хилла. Школера бевлча лаккхара дешар чекхдаьккхина цара. Ши йоI шайн юьртахь нехан цIентIехь ю.
Зулай шен хIусамдена муьтIахь хIусамнана хилла. Марзхошна дукхаезаш а, оьзда а, гIиллакхе а нус хилла яьхна жимачохь дуьйна. Дика а, вуон а иза декъехь йоцуш ца дирзина. Иза массаьрца мерза а, къамел долуш а ю.
Иштта, ша санна, шен доьзал а Iамийна цо: оьзда, баккхийчаьрца лараме хила. Берахь дуьйна гIуллакхна тIера бу цуьнан доьзал. Тахана Зулайн кIентий, зударий балийна, шайн доьзалш а болуш, хьанал белхаш а беш, бертахь бехаш бу. ХIинца а, ша Iаш йолчу кертахь, дуьйш-лелош хас ду цуьнан.Несаршна гIо а деш, цаьрга а кхиабойту шайна хасстоьмаш. Зулайс дийцира хIинцалерчу нанойх а, тIекхуьучу церан доьзалех а лаьцна: – Дика хета хIинцалерчу наношкахь хьалха тхоьгахь хилла йолу халонаш йоцуш, – элира цо. – ХIинца зударшкахь дуккха а паргIато ю шайн доьзалан терго ян а, уьш ийманчохь кхион а.
Цо дийцира ша-шен доьзална резахилар, шен кIентийн а, йоIарийн а бераш баккхийчаьрца гIиллакхе хила Iамош хилар. Зулайс билгалдаьккхира уггаре а хьалха доьзало схьаоьцург шен ненан мотт хилар. Нагахь санна, нана мотт оьзда болуш, гIиллакхе елахь, цуьнан доьзал а хир бу оьзда мотт буьйцуш.
Доьзал аьллачунна тIера баьлла хилар – иза ден а, ненан а бехк хета цунна, хIунда аьлча, дас-нанас шайн доьзална бераллехь дуьйна терго ца ярна, уьш хецна, шайна лаамехь битарна и тайпа ледарло йолу. Да-нана ду шайн доьзалх дерг массарал хьалха хаа дезаш дерг. Цара муха доьшу, уьш хьехархошца лараме а, гIиллакхе а бу-бац. ХIора дас а, нанас а доьзал шайна а, махкана пайдехь кхион беза.
АСЛАХАНОВА Хеди
№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо