Нохчийн бераш ГIирмехь

дж

ХIокху деношкахь Севастополера  Нохчийчу цIакхаьчна ГIирмехь Россин денна а, ткъа иштта Севастополь гIалин Денна а леринчу даздаршкахь дакъалаца кхайкхина дахана хилла долу нохчийн 10 бер. Россин вовшахтоьхначу   берийн хорана юкъахь бара Нохчийн Республикера дешархой: З.Арсемикова, А.Умарова, А.Демильханова, И.Умаров, А.Бекаева, Л.Аптиева, Р.Масаева, Т.Хаспиева, Б.Мусаева, Л.Байсултанова. Берашца цхьаьна яра церан хормейстер Сергеева  Маргарита Владимировна. Россин берийн хоран дакъалацархой  цкъа хьалха, 8-чу июнехь  Москва кхечира, юха шолгIачу дийнахь кеманца Симферополе бахара. Цигара дIа  Ялте  а  кхаьчна гIалин хийистехь дІаяьначу  Ерригроссин «Пять звезд» аьллачу конкурс  схьайоьллучу, цхьана эзар берех лаьттачу хорана юкъахь  дакъалецира. 14-чу  июнехь  Россин берийн Сводни хоро йоккха концерт елира Севастополь гIалин Денна леринчу  даздаршкахь.

– ХIокху даздаршкахь дакъалоцучу берашца цхьаьнакхета леррина  еана  Россин Правительствон Председателан заместитель Голодец Ольга  Юрьевна яра. ГIирмахой декъалбеш, дешнаш элира цо. Россин Берийн хоран къинхьегамах лаьцна, цара  тIекхуьучу  чкъурана патриотически кхетош-кхиоран декъехула бечу маьIнечу тIеIаткъамах лаьцна  а элира. ГІирмахоша а, севастополхоша  а чІогІа дика  тIеийцира берийн кхолларалла. Цхьайолчу гIараевлла евза эшарш «Севастопольский вальс», «Герои спорта», «Детство – это я и ты», «Если с другом вышел в путь», «Летите голуби» хезча баккхийчу  нехан бIаьргех хи долура.

Концертехь Россин Гимн Ялтин а, Севастополан а  бахархоша  къоначу артисташца цхьаьна элира.

–Россин Берийн Сводни хор дIасайига 25  автобус ийшира! Дерриг халкъ некъ дІалаьцна, дукха халкъ дара  бераш дIадоьлхуш Iодикаярца царна тIаьхьа арадаьлла. Оцу боккхачу  гуламо  вайн а, кхечу меттигашкарчу а  берашна бІаьрла хаийтира  вайн пачхьалкх мел дукхачу къаьмнийн, халкъийн мохк бу, – элира Нохчийн Республикерчу делегацин куьйгалхочо, Халкъан кхоллараллин центран директора  Даудов Рамзана.

Нохчийн бераша гергарлонаш тесира Ямало-Ненецки Округерчу а, генарчу Хабаровскерчу а, ткъа иштта ХIирийн Республикерчу а, Ставрополерчу а берашца.

Шайн репетицешна юккъехула нохчийн бераша Нохчийн Республикин Гимн олура, нохчийн къоман хелхарш дора  кхечу регионашкарчу берашца  цхьаьна.

– Нохчийн берашна боккха пайда белира оцу проектах, хIунда аьлча цаьрца  къахьийгира Россехь а гIарабевлла  бевзачу похIмечу хормейстерша а, дерижераша а. Иштта йоккха проект кхочушъярехь доккха гIо-накъосталла  динарг Россин  Президент В.В.Путин вара – билгалдира  Р.Даудовс.

«Даймохк» газетан культурин  отдело хIинцале  редакце хьошалгIа кхайкхина  ГIирмехь Россин  Берийн Сводни хоран дакъалацархой хилла, юьхькІамаца   цІадерзина бераш. Церан дагалецамаш, ойланаш, Iалашонаш оха рогIерчу номерехь йовзуьйтур ю.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Архивера сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: