Дика хьехархо а, нана а ю Шелан кIоштарчу ЭгIашта юьртара Сулаева Жарадат. 1974-чу шарахь Владимир гIалахь дуьнен чу яьлла, шайн доьзалехь йоккхах ерг хилла иза. 1991-чу шарахь Владимирехь чекхъяьккхира цо школа. Оцу гIалахь экономикин а, бакъонан а колледж цIечу дипломца чекхъяьккхира цул тIаьхьа. Советийн Iедал доьхна дукха хан ялале Нохчийчохь тIом белира. Жарадатан кхоллам ЭгIаштарчу СулаевгIеран Майрбекаца цхьаьна нисбелира. 1996-чу шарахь доьзал кхоьллина, Нохчийчу схьакхелхира иза.

Хала зама яра иза. Керлачу хIусамехь езаш тIеийцира Жарадат. Къаьсттина мардена дукхадезаделира шен несан оьзда гIиллакхаш а, къинхетам а. ЧIогIа мерза, самукъане стаг вара иза. Шен да санна дукхавезара шена и бохуш, бIаьргаш хих дуьзна, елхар а доьссина, вуьйцура иза Жарадата. Цаьрга еанчу шолгIачу шарахь кхелхира иза. Кхуьнан ши маьрйиша, цхьа марваша ву. Уьш берриге а шайн доьзалш болуш бехаш бу. Цхьана кертахь мерза Iаш бу уьш, цхьаьна шуьнера кхача бууш, чIогIа бертахь бу. Майрбекан, Жарадатан ши доьзалхо ву – йоIий, кIантий. ЙоI Седа нехан цIен тIе яхана. Иза доьшуш ю Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь, школехь балхахь ю. КIант Минкаил Суворовски училищехь доьшуш ву. Жарадат 2009-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультете деша яхара. 2014-чу шарахь чекхъяьккхира иза. Кхаа шарахь ЭгIаштарчу №1 йолчу школехь директоран даржехь болх бира цо. Карарчу хенахь школехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш ю. Шен болх чIогIа беза цунна. Школерчу берашна дукхаеза шайн хьехархо бохуш, дуьйцу юьртарчу бахархоша. Цунна хьалха бераш чIогIа оьзда, гIиллакхе кхуьуш ду. Хьехархочо дийцарехь, вайн бераш хьекъал долуш ду. Школехь хьехархойн коллектив бертахь, мерза Iаш хазахета Жарадатана. Юрт кхин йоккха а яц, массо а вовшашна вевзаш а, вовшашца ларам болуш а ву. Цо шайн кертахь лелош бежанаш а ду, зIакардаьхни а, беш а, хас а ду. Ша дечу гIуллакхех чIогIа самукъадолу цуьнан. Ламаз-мархина мало ца еш, ийманчохь адам ду иза. Нохчийн мотт а, Iадаташ а, бусалба дин а чIогIа дезаш тIеийцира. Нохчийн мотт дика буьйцу цо. Марнана цомгаш, меттахь ю цуьнан. Шен нене санна леррина хьожу иза цуьнга. Жарадатан да воцу масех шо ду.
Лулахошца, юьртахошца бертахь, гIиллакхе, мерза ю иза. Ша нахана езийта а хаьа, шена а беза нах. Жимачуьнца жима ю, воккхачуьнца йоккха ю. Цуьнан дагна дукха сиха безабелира хIара мохк. Йишина а, нанна а сагатдар доцург, кхин сингаттам бац шен боху цо. АллахI-Дала сийдойла хьан, доьзало дог хьоьстуш, марзахоша дог делош, ирсе дахар хуьлда хьан! Махкана пайдехь болуш, хьекъале дешархой, тIаьхье кхиош ехийла хьо!
М.САТУЕВА-НОВРЗУРКАЕВА
№125, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо