Хьачарахь – терахьийн телевидени

Лахьанан (ноябрь) беттан 22-чу дийнахь Итон-Кхаьллан кIоштарчу Хьачарахь схьайиллира РТС-н терахьийн телевизионни станци. ХIинца Хьачарарчу а, луларчу ярташкарчу а бахархойн хIусамашкахь болх бан йолаелла терахьийн телевидени.

Хьачарара станци

Цигахь дакъалецира Итон-Кхаьллан кIоштан куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата, «РТРС-н» директоран Къилбаседа Кавказан федеральни округехь волчу векала Стадник Александра, «Нохчийн Республикин РТПЦ-н» директора Еременко Сергейс, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон къоман политикин департаментан директора Хатуев Ислама, кхечара.

Оцу станцина хIоттийна йолу антенна 20 метр лекха ю, сурт эфире доккху гIирс 100 Вт ницкъ болуш а бу.

Станци схьаеллар «Нохчийн Республикин РТПЦ-н» филиал болх беш йолу 80 шо кхачарна лерина дара. Билгалдаккха догIу Хьачарахь станци схьаелларца республикехь терахьийн телевиденин хьалхара мультиплекс хIотторан болх чекхбаьлла хилар.

– Хьачара чIогIа хаза меттиг ю. Кхуза, садаIархьама, дуккха а нах оьхур бу. Кхузарчу бахархошна а санна, тхуна а дезде ду тахана. Оха дозалла до меттигерчу бахархойн кхаа радиога ладогIа а, итт телеканале хьажа а таро хиларх. ХIинца дуьйна дуьненахь а, Россехь а, Нохчийчохь а долчу хьолах дерг хуур ду шуна, – элира Стадник Александра. – ХIара станци болх бан йолаялар бахьана долуш республикин 99,4 процентан бахархойн хIусамашка кхаьчна терахьийн телевиденин хьалхара мультиплекс. Кхечу субъекташкахь иштта кхиамаш цкъачунна боцуш бу.

Хьачарахь - терахьийн телевидени

Шен къамелехь Еременко Сергейс билгалдаьккхира Хьачаран а, гуонахарчу яртийн а бахархойн хIусамашка телевиденин кхузаманан технологеш кхаьчна хилар.

– Оцу мехалчу гIуллакхан декъехь тхо хиларна даккхийдо тхо. Цкъачунна кхузарчу бахархошна хезаш кхо радио а, гуш итт телеканал бен яцахь а, кхин а цхьа шо даьлча, кхарна ялх радио хезарг а, ткъа телеканал гург а хиларх тешна ву со, – элира цо. – Оха кхузахь болх бечу муьрехь гIирс тIебарца а, даар-маларца а гIо дина тхан белхахошна меттигерчу бахархоша. Доккха баркалла царна. Къаьсттина баркалла ала луур дара суна республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цо гIо-накъосталла дар бахьана долуш, хIинца хIара станци лаьтташ долу латта билгалдаьккхинера тхуна.

Темирбулатов Хьамзата билгалдаккхарехь, кIоштахь телевизионни рогIера станци болх бан йолаялар мехала гIуллакх ду.

– Хьачарахь, вайна хууш ма-хиллара, «Ведучи» курорт яран болх бу дIаболийна. Цуьнца цхьаьна а, хIокху юьрта богIуш болу некъ бу тобеш. Хин а, газан а, токан а керла линеш ю таса йолийна. ХIинца РТС-н терахьийн телевизионни станци а болх бан йолаелла. Баккъал а, мехала гIуллакх ду иза, – элира кIоштан куьйгалхочо.

Сийна аса хадийначул тIаьхьа, хьеший станцин гIишлоне хьаьвсира.

И.ИСЛАМОВ

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: