Шелан шахьарна юккъерчу майданахь а, урамашкахь а ЖКХ-н белхалой хуьлу хIора дийнахь нораш хьоькхуш.

Царна тIаьхьа меллаша йогIуш хуьлу, тIаьхьа гIудалкх тесна, сийна трактор. Зударша схьалахьийна нехаш тIеюттуш кхин белхалой хуьлу. Иштта, цхьа а де мокъа доцуш, Шелан гIалин цIанонна гIаролехь лаьтта кIоштан «Шалинский» ЖКХ-н белхалой.
Церан хьанал къинхьегам бахьана долуш, даима а цIена лаьтта Шелан кIоштан коьрта майда а, Шелан гIалин коьрта урамаш а. Хууш ма-хиллара, Шелахь дукха ю туьканаш, базарш, догIу-доьду адам дукха лаьтта. Цундела хаддаза цIанъеш хила еза гIалин юкъ. ГIалин бахархошна гуш хуьлу цара хьоьгу и доккха къа. Цара бечу балхана чIогIа реза бу уьш.
Шелан кIоштан «Шалинский» ЖКХ-н белхалойн хьокъехь дош элира оцу участкан коьртачу мастера Шахабов Билала: «Тхан белхалой – Зармаев Ислам, Исаев Ваха, Абдулмежидова Зарган, Хамидова Разет, тракторист Тарамов Супьян – берриге а хьанал къахьоьгуш бу. Са-бода къастале дIадолало церан белхан де. Уьш бацахьара йиш яцара тхан. Дела реза хуьлда царна».
I.САЛАМОВ
№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо