«2016-чу шеран уггаре а тоьлла студент»

Студентийн дуьненаюкъарчу денна лерина «2016-чу шеран уггаре а тоьлла студент» аьлла йолу республикин III-чу конкурсан жамIаш довзийтар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь.

IMG_6288

И гIуллакх вовшахтоьхнера регионан юкъараллин «Нохчийн Республикин интеллектуальни туш» организацис. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан а, пачхьалкхан органийн а, лакхарчу дешаран а, кхоллараллин интеллигенцин а векалша, иштта юкъараллин гIуллакххоша.

ПохIме студенташ билгалбехира хIокху номинацешца: «Дешар тIехь кхиамаш», «Iилманан декъехь кхиамаш», «Шеран уггаре а тоьлла студент».

– Студенташ вайн юкъараллин керла чкъор ду, вайн меттиг дIалаца дезаш а бу уьш. Студентийн хенахь долало стеган ирсе дахар, массо а хIума шайн карахь долуш санна хетало оцу муьрехь, цундела тIахъаьлла а, хIума дан кархдолуш а хуьлу уьш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къаьсттина тидам латтабо вайн кегийрхой кхетош-кхиорехь а, патриотизм кхиорехь а, физически а, интеллектуальни а кхиорехь а дIахьочу гIуллакхашна, – билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан ректора Хь.Таймасхановс.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу юкъараллин векалша дош аьллачул тIаьхьа, 2016-чу шарахь билгалбевлла студенташ декъалбаран гIуллакх дIадаьхьира. Нохчийн пачхьалкхан университетан толамхой: «Iилманан декъехь кхиамаш бахарна» аьллачу номинацехь толам баьккхира экономикин а, финансийн а институтан студента Ашаганов Iаьрбис; «Дешар тIехь кхиамаш бахарна» номинацехь географин а, геоэкологин а факультетан студента Гайтуркаев Ризвана баьккхира толам; «Шеран уггаре а тоьлла студент» номинацехь Гран-При яьккхира медицинин институтан студента Идрисов Хьасана.

Иштта, «Дешар тIехь кхиамаш бахарна» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетерчу хьехархойн а, психологин а, дефектологин а институтан студенткас Мацуева Мадинас, «Iилманан декъехь кхиамаш бахарна» номинацехь – физикин-математикин факультетан студенткас Дзияудинова Сайдата, «2016-чу шеран уггаре а тоьлла студент» номинацехь – филологин а, историн а, бакъонийн а институтан студенткас Мутаева Хедас.

Хь.ДАУДОВА

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: