Толам боцуш дирзира цхьаьнакхетар

Футболах ловзаран Премьер-Лигин командашна юкъахь Россин Федерацехь 2016–2017-чуй шерийн муьрехь хьалхеяккхаран чемпионатан 14-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь цхьаьнакхийтира Томерчу «Томь» командица. Цхьаьнакхетар дIадаьхьира лахьанан (ноябрь) беттан 21-чу дийнахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Ахмат-Арена» спортан комплексан футболан майданахь.

Терек - Томь

Россин Премьер-Лигин 14-гIа тур «Терекан» а, «Томан» а ловзаро дIакъовлуш яра. Оцу къовсамехь фавориташ соьлжагIалахой ларалуш хиллехь а, серлонан табло тIера 0:0 счет хийцам боцуш латта йисира.

Матчан хьалхарчу миноташкахь дуьйна хьовсархошкара «гIо-накъосталла» а кхаьчна, жигара ловза буьйлабелира соьлжагIалахой. Шен цIахь ловзуш «Тереко» тIаьххьарлера кхаа матчехь толам а баьккхинера хIокху сезонехь, цIахь, цкъа бен эша а ца йинера иза. Цундела цуьнан ловзархой жигара ловзарх цецваьлла цхьа а вацара…

Амма юхабевр болуш хьеший а бацара. СоьлжагIалахойн кевна юххе «Томан» ловзархой шозза-кхузза бен ца кхаьчнехь а, шайн ков лардан уьш Iамийна а, кийча а хилар тидамза ца дисира.

«Гол оьшу» бохуш, хьовсархоша маьхьарий а детташ, чуидира соьлжагIалахой хьешийн кевнна. Мел халахеташ делахь а, соьлжагIалахошка церан кевнехь хIумма а ца даделира.

Делахь а, хьовсархойн самукъа ца доккхуш ца Iийра «Терек». Матчан жамIаш динчул тIаьхьа хиира, ловзаран 70 процент хенахь буьрканан дола соьлжагIалахоша дина хилар.

Оцу матчехь коьртачу суьдхочо Е.Турбина 4 можа а, 1 цIен а карточка гайтира.

Шина командин ловзаре хьажа веанера 11 200 (стадион 37 процентана хьалаюьзнера) хьажархо.

Шен рогIера цхьаьнакхетар Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» шен цIахь дIахьур ду лахьанан (ноябрь) беттан 26-чу дийнахь Москварчу «Спартак» командица. Карарчу хенахь Премьер-Лигин турниран таблицехь 25 очко а йолуш, 4-чу меттехь ю Соьлжа-ГIалара «Терек».

Билгалдаккха догIу, 2016–2017-чуй шерийн муьран чекхъяьллачу ейтта турехь соьлжагIалахой ворхIазза тоьлла а, кхузза эшна а хилар. Ткъа йиъ матч цхьа а ца тоьлаш йирзина.

И.АДАМОВ

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: