Доьзал ийманехь кхиабо

Дала хIокху дуьнен чохь кхоьллинчу ниIматех ю нана. Шен доьзал мел боккха хиларх лахлуш бац цуьнан хIора а доьзалхочуьнга болу безам. Нанна массо а цхьабосса хьоме ву. Доьзалехь воккханиг жимачунна Iуналла дан а, жиманиг воккхачунна ларам бан а Iамаво цо. ГIиллакх-оьздангалла, сий-ларам, эхь-бехк, барт-ийман – и шадерриге а, шен доьзална Iамо цхьа а дешаран заведени яц нанас чекхйоккхуш, шен ворххIе а ненера схьа ду и Iадат. Цундела вайн доьзалшкахь иза иштта хилча башха тамаша а ца бо вай. Деза дукъ ду ненан белшаш тIехь дерг, доьзалш баккхий мел хуьлу дазлуш. ТIаккха муха хир яц нана АллахIа язйина?

IMG-20161124-WA0033

Соьлжа-ГIалахь ехаш йолчу 6 доьзалхочун нанас Вараева Азас шен ноналлин декхарех лаьцна, иштта дуьйцу: «Тхан доьзал Гуьмсан кIоштарчу Энгал-Юьртара Соьлжа-ГIала схьакхелхира 2004-чу шарахь. ХIетахь ярташ- кахь белхан меттигаш кIезиг яра. И бахьана долуш нисделира тхан болх-некъ кхузахь нисдалар. Дуьненан рицкъ хIусамдас доккху, амма доьзал кхетош-кхиорехь доккхах долу дакъа суна – нанна кхочу. «Дена хиъча мегар дац. Нахаца яхь хила еза. Шуьгара цхьа осала хIума даьлча наха «нанас ца Iамийна» эр ду», бохуш, кхетабо ас сайн доьзал. Суна дукхазза хезна, хьалха наноша къа алссам хьегна, ткъа хIинца зудчунна чохь оьшуш болу технологин берриге а гIирсаш бу бохуш. Иза бакъ ду. Амма шен доьзал кхетош-кхиорехь долу декхарш хьалхарчул а алсам ду аьлла хета суна. Тхо кегий долуш бошмаш, кхаш дара лелош. Мокъа хан кIезиг хуьлура. Оцу декъехь нанас кIезиг сагатдора, цунна хаьара шен доьзалхо хIун деш ву, хьаьнца ву. Ткъа хIинца зама хийцаелла, телефонаш, компьютерш юкъаевлла. ХIора а хIусамехь ца хилча ца бовлу гIирсаш хилла дIахIиттина уьш. ХIинца ненан само алссам хила езаш хьал ду. Сайн доьзалхошка лехаме ю со, хIораннан а шен-шен амал ю, церан хенашка, амале хьаьжжина жоп доьху ас цаьрга. Воккхах волу кIант Соьлжа-ГIаларчу хьафизийн школехь доьшуш ву, 10 джуз дагахь Iамийна ваьлла иза. Дала мукъ лахь, шолгIа кIант а цига дIавала дагахь ю со. Школехь доьшуш кхоъ, берийн бешахь шиъ доьзалхо ву. Со тешна ю сайн доьзал ийманехь а, вайн нохчийн Iадаташца а кхион сайн ницкъ кхочург хиларх».

Шен доьзал ийманехь, могаш-маьрша хиларал деза хIумма а дац цхьана а нанна. Азас сатуьйсург а изза ду.

М.ВЕГИЕВА

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: