ХIокху деношкахь Сунженски районан администрацин йоккхачу залехь Серноводскерчу мехкаршна лерина цхьаьнакхетар хилира «Нохчийн къоман исторехь зудчун меттиг» аьлла цIе йолчу проектан гурашкахь. Иза вовшахтоьхнера оцу проектан автор йолчу «Ахьмад» кегийрхойн патриотически боламан жигархочо Хучиева Элизас. Нохчийн Республикин хIора районехь бохург санна дIахьош ду и проект кхочушъяр.
Цуьнан коьрта Iалашо тIекхуьу зудабераш ийманехь кхетош-кхиорна а, ткъа иштта церан патриотически кхетам, хаарш совдахарна а лерина ю. Зудаберашна хьехам бан кхайкхинчарна юкъахь яра Нохчийн Республикин Халкъан кхоллараллин центран методист Товгереева Мадина, ткъа иштта лакхахь хьахийначу «Ахьмад» боламан Сунженски районерчу йолчу декъан куьйгалхо Ибрагимова Малика.
Нохчийн зудчун гIиллакх-оьздангаллах, доьзалехь, юкъараллехь цуьнан оьздангалло лелочу маьIнех лаьцна дийцира М.Товгереевас.
Иштта «Ахьмад» боламан жигархоша Дадаева ПетIамата а, Батукаева Руманис а дийцира нохчийн зударша нохчийн къомана тIе хала киртиг хIоьттича гайтинчу майраллех, доьналлех.
Цул сов, хьехамашна лерина хан дIаяьлча зудаберашна юкъахь «мини-викторина» олучу хьесапехь болх бира, бусалба динехь зудчунна хаа дезачух тегІа зуьйш. Цуьнан жамIаш дина бевлча чулацаме хаттарш а, жоьпаш а деллачу зала чуьрачу жигархошна совгIаташ кхачийра.
Цхьаьнакхетар дерзош нохчийн ненах, зудчух, йишех лаьцна мел аьлла хаза, довха дош тIечIагІдеш санна дара, зала чохь йолчу проекторан гIоьнца, мехкарийн тергоне «Нохчийн къоман исторехь зудчун меттиг» аьлла цІе тоьхна, леррина кхечу цхьаьнакхетарна кечйина видеоролик гайтар а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
