Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спортан комплексехь дIаяьхьира ийначу кепара вовшахлатарехула йолу Grand Prix Ahmat WFCA дуьненаюкъара XXXI-гIа латарийн турнир.
Латарийн оцу йоккхачу суьйренехь 10 вовшахлатар хилира. ВорхI пачхьалкхан векалш бара уьш – Россин, Белоруссин, Украинин, Хорватин, Голландин, Бразилин, Iамаркан. «Ахмат» цIе йолчу латарийн клубан сий лардеш вара 10 спортсмен. Турнирехь бара вовшахлатарийн тайп-тайпанчу кепара спортсменаш – кхузза Олимпийски чемпион Сайтиев Бувайсар, кикбоксингехула дуьненан а, Европин а дукхазза а чемпион Самедов Забит, бразилхойн джиу-джитсу кепарчу латарехь вевзаш волу спортсмен Грейси Ренцо, кхиберш.
Хьалхарчу коьртачу къовсамехь вовшахлетира «Ахмат» клубан ши векал Ушуков Беслан а, Вагаев Абубакар а. Цара къовсуш дара WFCA Лигин тIаьххьарлера доьхка. ЙоьалгIачу раундан кхоалгIачу минотехь Ушуковс, мочхалан аьтту агIор буй тохарца, нокауте вахийтира шех леташ верг.
ШолгIачу латарехь тасавелира АЦШ-ра UFC-н экс-чемпион Родригес Рикко а, гIараваьлла волу Голландера нокаутер Гилберт Айвел а. Нидерландийн ийначу вовшахлатарийн школин векало цхьамогIа лоукикаш ярца говза эшийра Iамаркахо.
Ушуков Бесланал сов, кхузахь иштта толамаш бехира «Ахмат» клубан кхин а ворхI векала – Дудаев Черсис, Шерваниев Ахьмада, Бимарзаев Аптис, Дагаев Рашида, Данаев Шамхана, Джамбураев Мохьмада, Даудов Хьасана. Оцу сарахь «Ахматхойх» эшнарг цхьаъ бен вац – Бетергараев Зураба бразилхочунна Фроесу Фелипена дIабелира толам.
Билгалдаккха догIу, эсаран (октябрь) беттан 4-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спортан комплексехь хиллачу латарийн суьйренехь билгалбевлира 7 йозаллин барамехь болу WFCA Лигин чемпионаш. Grand Prix Ahmat WFCA XXXI-чу турниран гурашкахь WFCA Лигин тIаьххьарлера вокантни доьхка Ушуков Беслана даьккхира.
I.МУРТАЗОВ
№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо