2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна гIуллакхдан долалуш ду и федеральни закон. Цуьнца билгалдеш ду дIаса ца бахьалучу бахаман Цхьааллин реестр а, хьесапе эцаран-регистраци яран цхьааллин система а кхоллар. ДIаса ца бахьалучу бахаман Цхьааллин реестрана юкъагIур бу карарчу хенахь дIаса ца бахьалучу бахаман кадастрехь а, бакъонийн реестрехь а болу хаамаш.
БегIийла а ду
Карарчу хенахь кадастран хьесапе эцар а, бакъонашна регистраци яр а тайп-тайпана гIуллакхаш (процедураш) ду. Цуьнца цхьаьна дукха хьолахь бахархоша дIаса ца бахьалучу бахамца кхочушйо ший а гIуллакх дIадахьар лоьхуш йолу операцеш. ДIаса ца бахьалуш болчу бахаман Цхьааллин реестр кхолларо таро лур ю кадастрови хьесапе эцийтарна, бакъонашна регистраци яйтарна цхьана ханна (заявленеш) дехарш чудаларна кхачо яйта. Делахь-хIета, цо бахархойн хан а кхоор ю, дIаса ца бахьалучу бахамца операцеш яр аттачу а доккхур ду.
2017-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна чудала долон мегар ду дIаса ца бахьалучу бахамна бакъонашна регистраци ярна а, кадастрови хьесапе эцарна а оьшуш долу документаш. Уьш документаш чулучу а, схьаоьцучу а муьлххачу а офисе дIадала мегар ду, бен дац хьан бахам миччахь хиларх а. Иштта, нагахь санна хьан лаьттан дакъа Самарехь а делахь, хьо Соьлжа-ГIалахь Iаш а велахь, хьо Самаре ваха оьшуш дац, хьайн долаллина йолчу бакъонна регистраци яйта документаш чудалархьама. Документаш дIаоьцуш-схьалуш йолчу муьлххачу а офисе вахчахьана тоьаш ду. Дера, хIинца и хьашташ а электронни кепехь кхочушдан аьтто а ма бу, хьайн чуьра ара а ца волуш.
Долаллин бакъонна регистраци яр чекхдаьллачул тIаьхьа документаш схьаэца ваха хьан хан яцахь, хьуна кийчча документаш дIадохкуьйтур ду хьуна луъучу хенахь, хьуна луъучу метте. И аьтто а бу. Оцу аьттонах пайдаэцархьама заявлени чулучу хенахь цу тIехь билгалъяккха еза уьш схьаэцаран кеп – («курьерская доставка») «курьере дIадаийтар». Бакъду, и хьашт мехах кхочушдеш ду.
Сихха а…
Керла закон гIуллакхдан доладаларо аттачу доккхур ду дIаса ца бахьалучу бахамна документаш кечдар, заявлени яздинчун хан а кхоор ю. Регистраци еш йолчу органе цхьа (заявлени) дехар яздан дезар ду. Оццу хенахь 10 де далале чекхдоккхур ду кадастрови хьесапе эцар а, бакъонашна регистраци яр а. Нагахь санна дехар яздинарг Росреестро шен хьаштех цхьаъ кхочушдан лууш хилахь, бакъонашна регистраци ярна 7 дийнал дукха йоцуш хан дIаер ю, ткъа кадастрови хьесапе эцийтарна – 5 дийнал алсам йоцуш хан.
Керла закон регистраци яран хенаш яцйина Iаш дац, дIаса ца бахьалучу бахаман Цхьааллин реестра тIера хаамаш а хьалхачул сиха дIалур бу. Хьайн дIаса ца бахьалучу бахаман объектан хьокъехь выписка оьшуш хьо велахь, иза кхо де далале дIалур ю хьоьга, хьалха пхи де даллалц луш ца хиллехь.
Тешам боллуш а ду
ДIаса ца бахьалучу бахаман Цхьааллин реестрера дерриге а йозанаш тешам боллуш Iалашдийр ду хаамийн электронни базехь. ТIаьхьалонна дукхазза а копеш яхаро а, кхерамазаллин тIегIа лакхара хиларо а хаамаш Iалашбар чIогIа хилийтарна кхачо йийр ю. Цу тайппана, Росреестра лакхабоккхур бу регистраци йинчу бакъонийн чIагIонийн тешам, дIадоккхур ду Iехорна кхерам хилар, бахархошна а, предпринимательшна а дIаса ца бахьалучу бахаман рынкехь операци дIаяхьарна болу кхерам лахбийр бу.
Керлачу законца нийса а догIуш, долаллин бакъонан хьокъехь тоьшалла лур дац. Кадастрови хьесапе эцар а, бакъо кхоллаяларна а, дIасаяларна а регистраци яр тIечIагIдийр ду дIаса бахьалуш боцчу бахаман Цхьааллин реестри тIера йинчу выпискано, ткъа бартана я кхечу гIуллакхна йина регистраци – и гIуллакх даран хьокъехь долчу документа тIехь динчу регистраци яран лерринчу йозано.
Нийса а, дуьззина а
Росреестро дIаса ца бахьалуш болчу бахамна Цхьааллин реестр кхолларна кечамбар 2011-чу шарахь дIадолийра. ДIаса ца бахьалучу бахаман объектийн хьокъехь болу хаамаш карарчу хенахь дуккха а нийса а, буьззина а бу. Иза чIогIа мехала ду налогаш тохар нийса хилийтарна. Росреестран а, Федеральни кадастрови палатин а говзанчаша вовшашца буста а бустура, тIе а бузура дIаса ца бахьалучу бахаман кадастран а, бакъонийн реестран а хьокъехь болу хаамаш, дIадохура гучудовлуш долу гIалаташ а, ткъа иштта галморзахаллаш а.
№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо