Айдамиров Абузаран сийнна

ХIокху деношкахь дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран курсийн программица Нохчийн Республикехь хилира Дагестанера нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн тоба.

Царна юкъахь яра Хамавюьртарчу школехь 40 шарахь сов нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш йолу Татаева Хьурмат. Иза нохчийн меттан хазалла, цу маттахь къахьегначу яздархойн, Iилманчийн, нохчийн къоман бакъболчу къонахийн а, мехкан а лерам беш ю. Дукха шераш хиллера Татаева Хьурмата Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескитахь вехачу нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран доьзалца гергарло лелон.

IMG-20161124-WA0002

Абузаран «Еха буьйсанаш» роман дуьххьара зорбане яьлча иза къуьданан серлонехь ешначарех цхьаъ ю. Яздархочун кхолларалла ешна, евзаш ю иза. Дерриге а нохчийн халкъана санна цунна а халонга даьллера Абузар дуьненчуьра дIавахар. Дагестанерчу хьехархойн Нохчийн Республикехь хиллачу курсана юкъадогIу тIаьххьара цхьаьнакхетар А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь хилира. Цигахь Хьурмата йовзийтира ша Абузарна лерина язйина байт. Оха шун кхиэле юьллу иза:

Хьо воцуш дIайоьду, Абузар, зама,
Хьо воцуш дуьненчохь сецна дац дахар.
Делахь а, хьан дешан хIора хьаьрк йисна,
Яхь йолчу къонахчун дог-ойла хьаста.

ХIора а нохчичун яхь дагчохь гIиттош,
Даймахке безам ахь кхуллура говза.
Ца боьхки ахчанах я мохк, я мотт а,
Массо а заманахь чекхвуьйлуш цIена.

Даима ца хилла хьан дахар атта,
Соьман да хилла вац, хьарам некъ ца лехна,
Турпалхо хуьлуш вац, герз тохарх говза,
Хьан дахар масал ду дуьненчохь ваха.

ГIиллакхах ца вухуш дахарехь цкъа а,
Ахь аьлла хIора дош ду пайде герзал.
Даймохк хьайн дIатесна, тIамах ца идда,
Лоьраш ца лийхира хийрачу махкахь.

Цу кхойтта шарахь аш хьегна и бала
Биц ца беш, сиркхонашна лехира дарба.
Дагна кIеда хьо даима хилла,
Ткъа лаам хилла хьан болатал чIогIа.

Хьан собар хилла-кх лам саццол онда,
Даймахке безам а – заманца къовссал.
Халкъо ша хадабо шен воIан мах а,
Къонахчун цIе юьсу иллешкахь яха.

ТАТАЕВА Хьурмат

Зорбане кечйинарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: