«Даймехкан» дика кIентий хьанала къахьоьгуш бу

Нохчийчоьнна хьакъ болу кIентий дуккха а бу вайн. Юкъараллина, шайн тароне хьаьжжина, гIо-накъосталла деш а, мискачух, заьIапчух, буоберах дог лозуш а, церан догъэца хууш а. Царах ву Курчалойн кIоштарчу Цоци-Эвлара Закриев Хьаьжин Хьамзат. Цигахь вина а, кхиъна а ву иза. Дуьххьара шен гIоьналлин белхаш дIаболош цигара волавелла иза.

Хьамзат1

Закриев Хьамзат гIоьналлин «Даймохк» организацин куьйгалхо ву. Организаци 2014-чу шарахь дуьйна болх беш ю. Жим-жима гIулчаш йохуш, болх беш схьабогIуш бу цуьнан декъашхой.

Шаьш дIахьочу балхах лаьцна дийцира Хьамзата шен тхоьца хиллачу къамелехь.

– Ши шо хьалха ду иза, мархийн баттахь, – волало иза. – Тхо тхайн дикачу накъосташца марха даьстинчул тIаьхьа, таравихь ламазашна гулделла маьждигехь Iаш долуш, тхоьх цхьаьннан телефона тIе хаам беара, Курчалойн кIоштара цхьа доьзал мацалла токхуш бу, церан бераш яа хIума йоцуш, жарж бууш бу аьлла. Оцу хаамо дог Iовжийра. «И санна дерг вай муха хуьлуьйтур ду, могаш-маьрша кIентий ма ду вай» аьлла, гIевттира тхо. Ахча гулдина оцу доьзалан гIуллакхе хьаьвсира тхо оццу буьйсанна. Цул тIаьхьа и гIуллакх дита ца лиира тхуна. Дегнаш гIевттина девллера. Оцу беркатечу буьйсанна арабаьккхина некъ бу оха тахана а дIакхоьхьург. Вайн махкарчу цхьана а вахархочуьнга меца буьйса ма йогIийла-кх, и ца хилчахьана, ирсе лара мегар ду-кха тхо.

Нохчийчохь гIоьналлин гIуллакхаш дIакхоьхьуш дуккха а организацеш ю. Уьш вовшашна евзаш а, цхьаьна белхаш дIакхоьхьуш а ю: «Хайра», «БисмиллахI», «Аль-Муслим» и.дI.кх. а. Республикерчу муьлхха а тайпа гIо оьшучу нахана орцахбовлу уьш. И гIуллакх цара даггара, АллахIан дуьхьа дIакхоьхьуш хилар а го, хIунда аьлча, луш алапа доцуш, дийнахь а, буьйсанна а оцу гIуллакхна арабевлла лелаш бу уьш.

ГIуллакх дIакхехьа болу лаам стенца боьзна бу а, шаьш стенах пайдаоьцу а дийцира Хьамзата.

– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу региональни юкъараллин фондо республикерчу ерриге а кIошташкахь, республикел арахьа а дIахьош дукха гIуллакхаш ду. Оцу фондан президента Кадырова Айманис дуккха а доьзалшна чубаха хIусамаш елла. Иштта, хаддаза, юучуьнца-молучуьнца, тIе-кога юхучуьнца гIо-накъосталла а дина, деш а ду. Цул сов, таханлерчу дийнахь тIемаш болчу бусалба пачхьалкхашкарчу тIамах бевддачу нахана гIо деш ю иза. Дала Шен дуьхьа дойла церан хIора сагIа а. Цо дIахьочу дикачу некъах масал хилла лелаш ду тхо а. Иштта даккхий гIуллакхаш дан аьтто ца хилахь а, вайн махкахойн хьашташка хьовсу тхо, – дийцира цо.

Дуккха а программашца болх беш ю «Даймохк» организаци. Буоберийн гIуллакхашка хьожуш цхьа программа ю, заьIапхойн – кхин, хала бохкучу доьзалшна лерина а шен программа ю. ХIора а кIоштахь гIо оьшучеран спискаш ю, цу тIехь болчу хIора а доьзалехь хIун хьал ду а хьовсуш, царна аьтто болччу барамехь гIо до организацис.

– ХIора а кIоштахь филиалаш хилча дика хир дара, болх аттачу бер бара тхан. ХIинца тхайн ницкъ кхочучу барамехь дIахьо оха и гIуллакх. Дуккха а нах тидамза буьсура хьалха, цундела карарчу хенахь, WhatsApp чата чохь божаберийн а, зудаберийн а тобанаш ю тхан, цу чохь тайп-тайпанчу кIошташкара кегийрхой бу. Царах хIорамма а шаьш тIеIитталучу гIо оьшучу доьзалийн адресаш довзуьйту, царна гIо-накъосталла дар дийцаре до, – элира Хьамзата.

Хьамзат2

«Даймохк» организацис буоберашна лерина дIахьочу гIуллакхашна юкъайогIу церан самукъадаккхаран программаш а. Уьш махлелоран-самукъадаккхаран «Грозный-Сити», «Гранд-Парк», «Вай-Парк» туьшашка дуьгу, цигахь сарралц ловза а, хIума яа а таро хуьлу берийн. ЗаьIапхошна лерина шайн программаш ю. Кест-кеста кхечу меттигашкара лоьраш балабо генетикин цамгарш йолчу берашка хьовса.

Цул сов, Курчалойн кIоштарчу хьуьжаршкарчу дешархошна юкъахь къийсадаларш дIахьо. Тоьлларш совгIаташца билгал а боху.

Организацин жигархоша хIора кIирнах цIий дIало Соьлжа-ГIаларчу цIий дIадаларан пункташкахь. Иза, вайна ма-хаъара, деза а, мехала а гIуллакх ду.

– Соьлжа-ГIаларчу «Эсперанто», «Кофетун», Хьалха-МартантIерчу «Урус-Парк» кхачанан заведенешка бераш дуьгуш тхо дахча, цара маьхза шайн дезза даарш доуьйту берашка. Шайн цIе ца йоккхуш, тхуна ахчанца гIо-накъосталла деш спонсорш а хуьлу. Цара доккха гIо-накъосталла а до. Дала Шен дуьхьа лорийла церан сагIа. Тхан болх шун (нехан) сагIа мискачарна дIакхачор бу.

Хьамзата шен балха тIехь уггаре а ша холчахIоттийнарг дийцира тхуна.

– Хийлазза шийла а, меца а буьйсанаш лайна бу вайн нах, ткъа таханлерчу дийнахь вовшашна гIо-накъосталла дан а, вовшашка хьовса а аьтто болуш а, маьрша а ду вай. Республикерчу доьзалшна хийлазза сагIина юург кхачийна оха. Иштта цхьана суьйранна, вайн организацин инстаграмерчу агIонехь (@БО «Даймохк») хаам бара баийтина, цхьана доьзална (цIарца ца буьйцу вай уьш) гIо оьшу аьлла. Юург эцна церан хIусаме кхечира тхо. Тхоьца цхьаьна доьзалан нана а кхечира цIа, иза наха дIакхийсинчуьра хасстоьмаш бохьуш йогIуш хиллера. Тхо гича, юьхьа тIе куьйгаш дехкина, йилхира иза, Далла хастам а беш, баркаллин дешнаш а бохуш. ХIусам йина ялаза яра, уьш чохь Iаш белахь а, кхерч шийла бара. ХIусам чу дахча, чоь юьззина кегий бераш а, доьзалан да а гира тхуна, иза цамгаро лаьцна меттахь висина вара (букъаца йоьзна цамгар йолуш). Иза эхь хетта вара шайгара хьал тхуна довзарна а, шен доьзална дола дан ша гIорасиз хиларна а. Цуьнгара бала байбеш, цунна там хинболу дешнаш аьлла, тхайн сагIа цIеначу даггара хиларна, иза къобалдина тIеэцар а дехна, жимма сапаргIат ваьккхира оха доьзалан да. Цул тIаьхьа хилларг ду сан дог Iовжийнарг. Доьзалехь воккхах волчу кIанта (5–6 шо хир долуш), шен ненан лере а таьIна, хаьттира: «Нана, вай хьалха кIирнах наха дIакхоьссинчуьра схьаеана диван дIаеха баьхкина буй уьш? Дадина цундела эхь хеттий?». Оццул жима кIант холчахIоттаро цецваьккхинера со. Нанас, шен кIант хьаьстина, элира: «Бац, нанинаг. Уьш вайх Дала бина къинхетам бу». Цул тIаьхьа, тхоьга схьа а йирзина, элира: «Шен сих схьадаьлла бер буьйсанна меца дIадижорал хала хIума дац нанна. Тхан тховсалера буьйса марзйи аш. АллахIа Шен дуьхьа дойла аш мел дийриг».

Ишттачу доьзалшна гIодар вайн массеран а декхар ду аьлла хета суна, – дийцира Хьамзата.

Хийлазза мискачарна гIо дина а, буоберийн дог хьаьстина а бу «Даймехкан» кIентий.

– «Даймохк» организацина юкъахь дуккха а дика накъостий бу сан. Цара кIад а ца луш, жигара кхочушдо массо а тайпа гIуллакхаш. Иштта нах сайца буй хууш, паргIат ву со, – дерзийра цо шен къамел.

Закриев Хьамзат ша цергийн лор (стоматолог) ву. Юьртахь цергаш тояран клиника ю цуьнан, цу чохь гIаддайначу, мискачу нахана маьхза цергаш а тойо цо. Хьамзатана баркалла олурш дуккха а хуьлу. Адамалла, ийман, гIиллакх-оьздангалла долуш, нахана везаш а, лоруш а ву иза.

Хь.БАХТАЕВА

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: