КхоалгIа меттигаш ехира

ХIокху деношкахь Пермь гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошна юкъахь хьалхеяккхаран Ерригроссин турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара спортсменаш. Вайн республикера турнирехь дакъалоцуш 10 спортсмен вара. Къийсадаларш 8 дийнахь дIадаьхьира. Оцу къийсадаларшкахь вайн спортсменаша – Амаев Абу-Муслима (55 кг.) – №7 йолу ДЮСШ, Вистигов Шамрудина (66 кг.) – Мехкадаьттан-Юьртан ДЮСШ – кхоалгIа меттигаш ехира. Оцу кхиамашка уьш кхачийна церан тренерша: А.Мучураевс а, М.Мутаевс а.

image185715352

Уьш билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

Турнирехь толамаш баьхна спортсменаш Россин вовшахтоьхначу команди юкъа бохуьйтур бу.

З.ШИШХАНОВА

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: