Цунна дуьненан къаьхьа а, мерза а чам бевзина

Ненан де тIекхочуш вай довзуьйту турпалчу нанойн дахар, кхолламаш. Майрра ала йиш ю-кх, и саннарш вайн махкахь дуккха а бу, аьлла. Ишттачарах цхьаъ ю ТIехьа-МартантIера яхархо Кукаева Малика. Боккха доьзал кхиийна цо: 4 кIант а, 5 йоI а. Юьртахь наха дика цIе йоккхуш ю иза. Цунна а бевзина дуьненан къаьхьа а, мерза а чам. Цуьнан амалехь йолчу цхьана дикачу агIоно гойту, иза доьналла долуш зуда хилар. Мел хала киртиг шена тIеIоттаяларх, цкъа а нахана шегахь болу бала, гIайгIа гайтина яц иза. Бакъду, ша-шена-м йилхина…

IMG_2560

1952-чу шарахь Казахстанехь дуьнен чу яьлла Кукаева Малика. 1973-чу шарахь доьзал кхоьллина. Доьзал хьакъ ма-дду хьалакхиор лерина цо шен уггаре а коьрта декхар. Тахана, цуьнан доьзале хьаьжча, майра ала йиш ю: цо шен декхар кхочушдина. Доьзалхо шиъ бен вацахь а, атта дац уьш кхио. Ткъа Маликин уьш 9 хилла (цхьа кIант кхелхина цуьнан). Дукха къахьийгира Маликас а, цуьнан хIусамдас а царна юург латто гIерташ, духарца уьш шайн нийсархойл эшна цахилийта гIерташ. Церан къинхьегам эрна а ца хилира.

Доьзалан да саготта хуьлура даима а. КIентий харц новкъа бовларан кхераро паргIат ца вуьтура иза. Бакъболчу нохчийн кIентийн амал цаьргахь ган лаьара цунна. Иза иштта хилийта а хьаьжира да. ВорхI шо кхаьч-кхаьчнарг спортан кружоке Iама дIалора цо. Иштта царна спорт марзйира дас. ЙоьIарий кхуьучу хенахь Маликина накъостий хилира. Делахь а, доккха дукъ шена тIехь долчу, боккхачу доьзалан ненан мокъа хан ца хуьлура. Цо дийцарехь, доьзал кхиор, ков-керт, даьхни Iалашдар цхьаьнатоьхча хала хуьлуш хиллера. Делахь а, ша бохучунна тIехь кхуьуш болу доьзал гуш, ша церан дуьхьа дийриг эрна хирг цахиларх дог тешара цуьнан. КIентий хьалакхуьучу хенахь спортан декъехула дIахьочу къийсадаларшкахь дакъалаца буьйлабелира. Цара кхиам моссазза боккху йоккхаейора нана. Шераш а дIаихира, доьзал а кхиира. ТIаккха цхьажимма паргIатъелира иза. Ткъа спорт, цуьнан веа а кIентан дахаран некъ хилла дIахIоьттира.

Республикин а, Россин а цIеяхханчу спортсменашна юкъахь дIахьочу латаршкахь шен кIентий дакъалаца буьйлабелча, мелла а гIайгIане яра Малика. Церан латарш телевизор чухула ма-ярра йолчу эфирехь гайта долийча, церан чохьберш а, гергарнаш а, лулахой а хьовса ховшура. Ткъа Малика уггаре а йистерчу цIа чу йоьдура, хIумма а ца ган а, ца хаза а. Амма цара толам баьккхича, генна даг чохь йоккхаейора иза кIентех. Цуьнан воккхах волу кIант Турпал-Iела, ТIехьа-МартантIехь дуьххьара боксехула йолу секци схьайиллинарг вара. Вежарша КукаевгIара Iамийна бу тахана вайн республикехь а, дозанал арахьа а бевзаш болу цхьаболу спортсменаш.

Да-нана дика кхетара, доьзалшна дешар оьшург хиларх. Оцу ойланца, цаьрга а, йоIаршка а дешийтира. Цара массара а шайн доьзалш кхоьллина. Спортан дахарехь шайн меттигаш карийна вежаршна: Кукаев Беслан республикерчу спортан «Ахмат» клубан ТIехьа-Мартан кIоштехула йолчу филиалан боксехула волу коьрта тренер ву, Iумар-Iела – оццу клубан тренер, Нохчийн Республикин хьакъволу тренер, Лом-Iела – Нохчийн Республикин хьакъволу тренер, ТIехьа-Мартан кIоштарчу №2 йолчу ДЮСШ-н директор, Къилбаседа Кавказан федеральни округан корматаллин боксан вовшахтоьхначу командин коьрта тренер. Доьзалехь 4 кIант хиллехь а, царах цхьа а шех дIакъастийта ца лаьара Маликина. Цундела, цхьана кертахь хIоранна а шен-шена хIусам йина. «ХIинца-м дерриге а дIанисделлера», аьлла хийтира Маликина. Дахаран халонех ша чекхъяьлла бохучу ойланца ехаш яра иза. Амма воккхах волу кIант, боксехула а, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула а Россин спортан мастер волу Турпал-Iела онкологин цамгаро лецира. 2006-чу шарахь кхелхира иза. И ца лалуш, ехха хан яьккхира цо шегара бала кийрахь къуьйлуш. Шен берийн берашкахь карийра цунна синтем. Царах самукъадаларо юхаерзийра дахаре йолу цуьнан марзо.

Маликин тахана берийн 33 бер ду. «Уьш цхьана кертахь бехаш, сапаргIат ю со. Цхьа а суьйре ца йогIу, цхьана чохь тхо гул ца луш. Йоккха стол а хIоттайой, вовшах дага а довлуш, дан леринарш а дуьйцуш, цхьаьна чай а молуш, хан йоккху оха. Вежарийн а, церан берийн а вовшашца барт хилар ду суна тахана уггаре а коьрта хеташ», – бохура нанас. Доьналлица, гIиллакхца, лела хаарца, уггаре а хьалха нохчаллица шен доьзал кхиийна йолчу Маликех – «Иза бакъйолу нохчийн зуда а, нана а ю» ала мегар ду.

З.ЛОРСАНОВА

№126, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: