Футболах ловзаран Премьер-Лигин командашна юкъахь Россин Федерацехь 2016–2017-чуй шерийн муьрехь хьалхеяккхаран чемпионатан (РОСГОССТРАХ – спонсор) 15-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» лахьанан (ноябрь) беттан 26-чу дийнахь шен цIахь цхьаьнакхийтира Москварчу «Спартак» командица. Цхьаьнакхетар дIадаьхьира А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Ахмат-Арена» спортан комплексан футболан майданахь.

Цхьаьнакхетар, мел халахеташ делахь а, соьлжагIалахой 0:1 жамIица эшорца чекхделира. Хьалхарчу тайман 27-чу минотехь «Терекан» кевна чу гол тоха аьтто белира хьешийн ловзархочун Насименто Маурисион. Амма иза коьрта дац.
Матчан хьалхарчу тайман 10-чу минотехь коьртачу суьдхочо Мешков Виталийс «тIех кIоршаме ловзарна», можа карточка гайтира «Спартакерчу» Кутепов Ильяна. Цул тIаьхьа дIадоладелира хьешашка озабезам бар. Оцу матче баьхкинчу хьовсархойн тидамза а ца дисира и гIуллакх: «ванах, цхьамма цхьаъ охьатоьхна хилча, цунна карточка ца догIура?», «цхьамма цхьаъ саца а вина, шолгIачо цуьнгара буьрка схьаяккха мегаш ду?» бохуш, дуккха а хаттарш дора цара.
Бакъду, вайчарна Роши Одисенна (68-гIа минот) а, Балай Бекимна (86-гIа минот), хьешийн бехк боллушехь, можа карточкаш гайтира Мешков Виталийс. Ткъа «Спартакан» ловзархошна догIуш долу, мел лаххара а, 7 карточка ца гойтуш дитира.
Матч чекхъяьллачул тIаьхьа, социальни сеташкахь коьртачу суьдхочо лелочу озабезамна лерина йозанаш гучудийла дуьйладелира. «Терек» клубан президента, республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада а яздира цунах лаьцна.
«Матчан коьртачу суьдхочо «хаза» шен болх бинехь а, вайн ловзархоша вуно хаза ловзар а, шайна ловза хууш хилар а гайтира. Цундела цара толам баьккхича санна совгIаташ а дийр ду царна. Бакъдерг дийцича, вайн кхетамехь цара баккха а баьккхина толам», – боху Даудов Мохьмада шен кехатехь.
Шина командин ловзаре хьажа веанера 15 232 (стадион 50 процентана хьалаюьзна яра) хьажархо.
Шайн рогIера цхьаьнакхетар соьлжагIалахоша дIахьур ду гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийнахь Краснодарерчу «Краснодар» командица.
Премьер-Лигин турниран таблицехь, карарчу хенахь 25 очко а йолуш, 4-чу меттехь ю Соьлжа-ГIалара «Терек».
И.ИСЛАМОВ
№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо