Хин къелла дІаяьккхина

705033_3ТІаьхьарчу масех дийнахь Соьлжа-ГІаларчу дуккха а бахархойн сагатдира  молуш долу хи дІасацаро. Хууш ма-хиллара, 20-чу майхь дІасацийна дара Ленински, Старопромысловски районашка а, ишттта Заводской районан гІали юккъера долчу декъе а догІуш долу хи.

Цуьнца доьзна тхан цхьаьнакхетар хилира Соьлжа-ГІаларчу «Горводоканалан» коьртачу инженераца Арсамерзаев Вахица. Цо дийцарехь, ши кІира хьалха дуьйна Соьлжа-ГІалин мэрица барт а бина, дийцаре дина дара лакхахь билгалйинчу районашка догІуш долу хи цхьана кІиранна дІасацоран хьокъехь долу гІуллакх, шуьйрачу хаамийн гІирсашкахула хаам а бинера бахархошка. Ткъа хи дІасацоран бахьана тишъелла йолу, хи тоттуш йолу насосаш хийца езаш хилар дара.

В.Арсамерзаевс, ша хьалха а ваьлла, гайтира цу объекташкахь бина белхаш. Вай юьйцуш йолчу районашка хи тоттуш ерш 1-ра, 6-гІа насосаш яра. Цара БухІан-Юьртарчу хин коьртера схьаозош а дара иза. Ткъа хІинца хийцина хи тоттуш йолу 9-гІа насос, компьютерни системехула болх а беш, вайн заманахьлерчу лехамашца йогІуш  ю. Масала, цо схьагойту миччанхьа а хи ледара догІуш делахь а, я биргІа иккхина хи дІадоьдуш делахь а. Хи ледара догІуш долчохь иза совдаккха аьтто болуш а ю иза. Хин коьртера 1-чуй, 6-чуй хи тоттуш йолчу насосашна тІейоьлху биргІанаш дІа а къевлина, 9-чунна тІетийсина. Цхьа метр диаметр йолу кхо биргІа ю цигахь ерг.

«Интербизнес» организацин белхалой бара цигахь къахьоьгуш берш. Дийнахь а, буса а совцош бацара белхаш. Оьшучу гІирсашца а, техникица а кхачо хуьлуьйтура. Цо таро елира билгалйинчу хенал хьалха, 24-чу майхь бахархошна хи схьахеца.

Билгалдаккха догІу, «Горводоканалан» инженерца тхан цхьаьнакхетар 23-чу майхь хилла хилар, хІара материал зорбане йолучу дийнахь Соьлжа-ГІалин Заводской а, Ленински а, Старопромысловски а, Октябрьски а районашкахь бехачу бахархошна хица кхачо еш яра.

Р.БАЛУЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: