Лахьанан (ноябрь) беттан 22-чу дийнахь республикерчу кегийрхойн рогIера тоба новкъаелира шайн махкана хьалха долу бIаьхаллин декхарш кхочушдан. Уьш Севастополехь йолчу IаьржахIордан флоте бигна. Билгалдаккха догIу оцу флотехь бIаьхаллин декхарш кхочушдеш республикера 100 гергга жима стаг хирг хилар.

ХIокху шеран гуьйренан тIекхайкхаран хьалхара тоба эсаран (октябрь) беттан тIаьххьарчу деношкахь дIаяхара республикера. Дагадоуьйту, гуьйренан тIекхайкхаран гурашкахь республика Россин эскаршкахь гIуллакхдан 500 жима стаг дIахьажо декхарийлахь хилар.
– ХIокху беттан 22-чу дийнахь республикерчу керлачу бIаьхойн рогIера тоба новкъаелира. Оцу тобанехь 100 гергга стаг ву. Уьш берриге а Россин IаьржахIордан флоте буьгуш бу, – билгалдаьккхира республикин тIеман комиссариатан векала.
Цо дийцарехь, нохчийн берриге а бIаьхой хIорда-кеманашна тIекхочур бац. Царах цхьаберш Россин тIеман-хIорданан флотан берданийн эскарийн дакъошкахь хир бу.
Амма цхьа бакъ ду: республикера бIаьхой гIуллакхдеш Къилбан тIеман округерчу дакъошкахь бен хир болуш бац.
– Вайн бIаьхоша Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, Аштаркхан а, Ростовн а областашкахь а, Ставрополан а, Краснодаран а крайшкахь а, ГIирмехь а кхочушдийр ду шайн бIаьхаллин декхарш. Нохчийн бIаьхой кхечу тIеман округашка хьовсо бакъо яц тхан, – элира цо.
Амма тIеман округах доьзна хIумма а дац аьлла хеташ бу къона бIаьхой. Цара чIагIдарехь, Россин муьлххачу маьIIе шаьш дигахь а, республикин цIе лар а еш, шайн декхар дIалур долуш бу уьш.
– Сайн лаамца воьдуш ву со эскаре. Со цигарчу хьолана реза хилахь, шо чекхдаьлча, контракт а язйина, циггахь соцур ву. Реза ца хилахь, Даймахка цIа а вирзина, полице балха хIотта а хьожур ву. Эскаршкахь со хилла хиларна оцу декъехь сайна гIо хирг хиларх тешаш ву со, – элира Хазбулатов Абубакара. – Билггал тхо кхочур долу меттиг ца хаьа тхуна. Амма вайн халкъан а, республикин а цIе лар а еш, тхайх чекх са а ца гойтуш-м йоккхур ю оха цигахь и цхьа шо хан.
Абубакар новкъаваккха веанчу Изновр цIе йолчу цуьнан накъоста ша цунах хьоьгуш хилар хаийтира. Цо дийцарехь, ахь хьайн лаамца кехаташ кечдахь а, тIеман комиссариата хьо атта эскаре кхойкхуш вац.
– Шаьш эскаре дига бохуш, шозза а, кхузза а рапорташ кечдина болу кегийрхой бевза суна. Дуьйцург бакъ делахь, шарахь республикера цхьа эзар бен бIаьхо вахийта йиш яц эскарийн могIаршка. Амма баха лууш берш эзарнашкахь бу, – дийцира Изновра.
Изновра бохург бакъдо тIеман комиссариатан векалша а. Цара билгалдаккхарехь, карарчу хенахь бIаьхаллин декхарш кхочушдан хьакъ волуш 80 эзар сов жима стаг ву республикехь.
– Тхайна ма-хетта харжам бан кандидаташ бу тхан. Цундела оха уггаре а лела хуурш а, жоьпалле берш а, спортаца гергарло дерш а хоржу. Царна юкъахь а бо «озабезамаш»: водителийн бакъонаш ерш а, спортехь кхиамаш баьхнарш а, техникумаш я лаккхара дешаран заведенеш яьхнарш хьалхабоху оха, – билгалдаьккхира тIеман комиссариатан векалша.
Оцу хьоло гойту, масех шо хьалха вайн кегийрхой эскаре кхайкхарх «къехкаш» хиллехь а, тахана уьш шайн лаамехь цига баха гIерташ хилар.
И.АДАМОВ
№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо