Iаьрбийн мехкийн куьйгалхошца – мехала цхьаьнакхетарш

Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан шоьтан дийнахь цхьаьнакхийтира Абу-Дабин верасан элица, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн эскарийн Коьртачу Куьйгалхочун заместительца Мухьаммад бин Зайд аль-Нахьайянца. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Абу-Дабин Инвестицийн фондан куьйгалхо Тахьнун бин Зайд аль-Нахьайян а вара.

vojna-v-sirii-777x642

– ДоттагIаллин, чулацаме къамел хилира тхан. Нохчийн Республикина а, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташна а юкъара инвестицийн зIенаш чIагIлуш хилар билгалдаьккхира оха. Ас верасан элина довзийтира Соьлжа-ГIалахь оцу мехкан инвесторша дечу хьешанцIийнаца а, Дуьненаюкъарчу университетаца а долу хьал, – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо. – Инвестицийн проекташ кхочушъяр кхин а сихдан а, Нохчийчуьрчу жимачу а, юккъерчу а бизнесна гIодаран Iалашонца керла некъаш лаха а барт хилла тхан. Цул сов, Мухьаммад бин Зайд аль-Нахьайян республике хьошалгIа а кхайкхина ас.

Цул тIаьхьа СаIудийн Iараве вахара республикин Куьйгалхо Р.Кадыров.

Даммам гIалин аэропортехь иза тIелецира оцу пачхьалкхан верасан элин вашас, Малхбален провинцин губернатора СаIуд бин Найеф бин IабдулIазиза а, махлелоран а, инвестицийн а министра Маджед аль-Кассабис а.

Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь билгалдаккхарехь, иза иштта цхьаьнакхийтира СаIудийн Iаравин оборонин министраца, Экономикин а, инвестицийн а гIуллакхашкахула йолчу советан куьйгалхочуьнца Мухьаммад бин Салман аль-СаIудаца а.

– Экстремизман а, терроризман а идеологица къийсам латторна къаьсттина тидам тIебахийтира оха. Иштта, терроризм а, экстремизм а Ислам-динца юкъара цхьа а хIума долуш цахилар а билгалдаьккхира. Бусалба нехан мостагIаша вайна юкъа питанаш даржоран Iалашонаш юьхьарлаьцна хилар а тидамза ца дисира, – элира Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа, республикин Куьйгалхочо билгал ма-даккхара, СаIудийн Iаравин а, Нохчийн Республикин а юкъаметтигаш керлачу тIегIане яхаран Iалашонца, белхан тобанаш вовшахтоха сацам а хилира.

– Билгалдаккха догIу вайн делегацис, куьйгаллехь республикин Премьер-министр Эдельгериев Абубакар а волуш, СаIудийн Iаравин министрашца а, Даммам гIалин мэраца а хIинцале цхьаьнакхетарш дIадаьхьна хилар. Делегацина юкъахь, масала, вице-премьер Хакимов Хьасан а, министраш Таймасханов ГIалас а, Магомадов Iабдул а, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим а ву, – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Кадыров Рамзана хьошалгIа кхайкхира Мухьаммад бин Салман аль-СаIуд.

И.ХАСАХАНОВ

№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: