Карарчу шеран хьалхарчу исс баттахь Къилбаседа Кавказехь юкъарчу барамехь 3 144,2 эзар квадратан метр нах чохь Iан цIенош дина. ДIадаханчу шеран оццу муьрехь динчарал а 11,8 процентана алсам ду уьш.

ХIусамашна гIишлошъяран барамаш дикачу агIор хийцабалар хаалуш, карарчу шеран жамIашца, еккъа цхьа Къилбаседа Кавказ бен яц ерриге а Россехь. Къилбаседа Кавказехь 2016-чу шеран исс баттахь дина цIенош 2015-чу шарахь динчарал а 11,8 процентана алсам делахь, Россин Федерацин кхийолчу регионашкахь, юккъерчу барамехь, и гайтам дIадаханчу шарахьчул а 5,5 процентана лахара бу.
Цуьнца цхьаьна, Къилбаседа Кавказан федерельни округан гIишлошъяран декъехь долу хьал, статистикица нийса а догIуш, хаъал хийцалуш ду. ГIишлошъяран декъехь 2016-чу шеран кхолламан–товбецан (январь–сентябрь) беттанашкахь округехь бинчу белхийн барам 123,1 миллиард соьмана бу.
ГIишлошъяран белхийн барам лакхабаларехь хьалхарчу меттехь ю Нохчийн Республика (дIадаханчу шеран оццу муьрахьчул а 15,1 процентана алсам), цул тIаьхьа – Къилбаседа ХIирийчоь (14,7 процентана алсам).
Нохчийн Республикехь кхиамца кхочушъеш ю «Россин доьзална – хIусам» федеральни программа. Цхьана квадратан метрах 30 эзар соьмал сов ахча ца доккхуш, юхкур йолуш ю оцу программин декъехь динчу цIенош чуьра петарш. Оцу программин гурашкахь Соьлжа-ГIалахь кхочушъеш ю хIусамашна гIишлошъяран «Маьлхан микрорайон» проект (юкъара барам 30,80 эзар квадратан метр, 440 петар). 2016-чу шарахь йолийна йолу иза 2017-чу шарахь чекхъяккха езаш ю.
Дукха хан йоццуш, хаамийн «ТАСС» агентствон журналисташна еллачу интервьюхь Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима билгалдаьккхира республикин пачхье кхиорехь хьалхарчу меттехь хIусамашна гIишлошъяр хилар. ХIунда аьлча, тIеман хиламаш болчу хенахь кхузара, ерриге а аьлча санна, гIишлош йохийнера.
Цо хаам бира, республикехь гIишлошъяран барам алсамбалар инвесторш юкъаозор бахьанехь а хилар. «Шахьаран инвестицийн декъехь йолчу хазаллина Iаткъам беш тайп-тайпана хIуманаш ду, амма суна къаьсттина царах билгалдаккха луург цхаъ ду – республикехь кхоьллина болу инвестиционни гIуллакхийн нормативни-бакъонийн эвсара бух», – элира М.Хучиевс.
Карарчу хенахь Нохчийн Республикехь доларчу инвесторша дукха петарш йолчу 17 цIийнан а, дукха петарш йолчу 2 хIусамийн комплексан (шина комплекс чохь 241 эзар квадратан метр юкъара барам болу 3 249 петар ю) а гIишлошъяран белхаш бу дIахьош.
«Соьлжа-ГIалин а, инвесторийн а юкъаметтигаш иштта ю: гIалано инвесторца барт бо, цуьнца нийса а догIуш хIусамаш ян майданаш ло оха, оьшуш йолу коммуникацеш тIеялайо. Цара тхуна хIусамаш ечу майданах билггал цхьа процент (ахча) ло. Иштта муниципальни фонд кхоллало. Гулделла долу ахча тIеман хиламаш бахьанехь хIусамаш йоцуш бисинчу, рогIехь лаьттачу, бахархошна хIусамаш нисъярна тIехьажадо», – билгалдаьккхира мэра.
А.ХАСБУЛАТОВА
№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо