ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь дIадаьхьира Ненан денна лерина даздарш. Нохчийн Республикин къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтоьхнера уьш. Цигахь дакъалецира къоман политикин, зорбанан, хаамийн министран заместительша Гудаев Лоьмас, Элембаев Iалихана, Нохчийн Республикин муфтин заместитела Сатаев Рамзана, иштта, дукха бераш долчу наноша, динан а, юкъараллин а гIуллакххоша, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша, кхечара.

ХIора а стеган дахарехь ненал деза хIума цахилар билгал а доккхуш вистхилира Элембаев Iалихан: «Вайх хIоранна а уггаре а еза ю нана. Иза могаш а йолуш, гIора а долуш лелачу хенахь, вай цкъа а ойла ца йо цо цIеххьана хIокху дуьненан Iодика йийриг хиларан. Иза дIаяьлча, дуьне а макхло. Вайн наной дуккха а халонаш а, къизалла а гина бу. Амма шайна тIехIиттинчу халонех доьналлица чекхбовла хиъна царна. Ненан мах хадийна вер а вац. Вайн республикехь Ненан де лаккхарчу тIегIанехь билгалдоккхуш ду даима а. Министран цIарах ас даггара декъалдо шу, тхан хьомсара наной», – элира цо.
Муфтин заместитела Сатаев Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира, ненан ларам бар уггаре а езачу Iамалех цхьаъ хилар: «Къуръана чохь аьлла ду ненаца боккха ларам хила безарх. Дуьнен чохь уггаре а еза Iамал лерина нана резаяр. Нана резайина лелачунна кIеззиг бен доцчу хIуманах а беркат хир ду, кIеззиг долчу рицкъанах а вузур ву иза. Уггаре а деза хета суна Ненан де. Вайн махкара берриге а наной даггара декъалбан лаьа суна дезачу денца», – бо- хура цо.
Шен нана бакъдуьнене йирзича шен кхоллаелла хилла ойланаш йовзийтира Россин Федерацин халкъан артисткас Гичаева Раисас.
– Жимачохь дуьйна а хезнера суна «Нана дIаяьлча дагтIера зезаг дужу», олуш. Амма цкъа а цу хIуманна ойла йина яцара ас. Тхайн нене хаьттира ас цуьнан хIун маьIна ду, аьлла. «Цкъа мацца а кхетар ю хьо», – элира цо соьга. Кхета а кхийтира, амма – тIаьхьа. Нана бакъдуьнене йирзича кхийтира со, баккъал а, дагтIера зезаг дужуш хиларх. Шайн наной дийна болччуьра хьасталаш уьш, цаьрца мерза хан яккха хьовсалаш, – элира цо.
Цигахь дакъалаьцначу наношна зезагийн курсаш а елира, совгIаташ а дира I.Элембаевс. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин халкъан артисткас Кагерманова Раисас а, республикин хьакъйолчу артисткас Ибрагимова Майас а нанна лерина эшарш а локхуш, дерзийра даздарш.
З.ЛОРСАНОВА
№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо