Дукха хан йоццуш, Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь Регионан юкъараллин «Ахмат» боламан дакъалацархошна юкъахь «Лидерш билгалбахар» аьлла долу гIуллакх дIадаьхьира.

Боламна юкъара билгалваьккхина уггаре а жигара 14 «ахматхо» вара конкурсехь дакъалоцуш. Царна юкъахь 12 кIант вара, 2 йоI яра.
Божарийн шайн конкурс яра: 20 кийла деза барзакъ (жилет) тIе а дуьйхина, ламанца 6 километр некъ бан безаш бара уьш. Ткъа шина йоьIан, и некъ бина юхабирзинчу «ахматхошна» нохчийн дааршна юкъара уггаре а мерза кхачанаш кечбан безара.
Iуьйранна малх схьакхетарца шайн барзакъаш тIе а дуьйхина, ломаца хьалабуьйлабелира конкурсан дакъалацархой. Iуьйре шийла еанехь а, хазачу Iаламо дицдинера дерриге а. Сиха дIабуьйлабеллачу кегийчу нехан билгалъяьккхинчу метте хьалакхача масех километр йисинчу хенахь ницкъаш лахбеллера. Иза доьзна дара, ломах хьалагIерташ хиларал сов, царна тIехь 20 кийла деза духар хиларца.
Эххар а, мел хала хиллехь а, ломахь билгалйина хиллачу 1 300 метр лакхене хьалакхечира уьш. Цигахь «Ахмат» боламан байракх а юьйгIира цара.
Оцу хенахь «Шира-Бенахь» шайна тIедиллинарг кхочушдеш йоллура Исмаилова Асет а, Чертоева Мадина а.
– «ЦIа берза» безачарна кечдеш тайп-тайпана кхачанаш ду тхан: жижиг-галнаш, юьзна галнаш, нохчийн чорпа, бIараш, хингалш, чIепалгаш и.дI.кх. а, – дийцира А.Исмаиловас.
Культурин-этнографин «Шира-Бена» комплексехь ломара юхабоьрзур болчаьрга хьоьжуш делегаци яра. Царна юкъахь вара: республикин культурин министр Дааев Хож-Баудди а, кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса а, иштта Нажи-Юьртан администрацин векалш а.
– ХIара кIентий республикехь дIахьочу гIуллакхашкахь даима а дакъалоцуш бу. Кхара таханлерчу дийнахь кегийрхошна гойтург дика масал ду. Иштта, кхарах масал а оьцуьйтуш, кхиош хила еза кегийрхошна юкъахь патриотизм. Вайн республикерчу кIошташкахь йолчу «Ахмат» организацин филиалашна юкъабахка лууш дуккха а кегийрхой хаало, уьш хIокхарах терра ийман, гIиллакх долуш, патриотизмах дог дуьзна хуьлийла луур дара суна. Дала тIаьхье беркате йойла хIокху гIуллакхан, – элира I.Ибрагимовс.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Х.-Б.Дааевс билгалдаьккхира хIара тайпа гIуллакхаш дIадахьар кегийрхошна пайдехь хирг хилар: «Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кегийрхойн леррина терго йо. Царах хIора а бохург санна балха хIотторехь а, шайн гIуллакх дIадолош оьшуш долу гIо-накъосталла до. Шу тахана къона ду, дуккха а хIуманаш дан ницкъ болуш а ду, аш и тахана тхуна схьа а гайти», – элира цо.
Цул тIаьхьа шина йоIа кечбинчу кхачанах кхийтира хьеший, чомана реза а хилира уьш. Делкъе йинчул тIаьхьа, Нажи-Юьртан культурин цIийнерчу исбаьхьаллин самодеятельни коллективо кечйинчу концертан программе хьаьвсира хьеший. Кегийчу наха хелхаран бал а баьккхира.
ГIуллакх дерзийра конкурсехь дакъалоцуш хиллачу 14 «ахматхочо» «Шира-Бена» комплексан кертахь цхьацца синтар догIарца.
Хь.ДАУДОВА
№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо