Оьрза-ГIаларчу дарбанан цIийнан сингаттамаш

Карарчу беттан 21-чу дийнахь Парламентан депутат Ахмадов Сайд-Iабдул а, ОНФ-н республикехула долчу декъан векал Дадуев Мохьмад а Оьрза-ГIаларчу дарбанан цIийнехь хилира.

Ярташкарчу а, кIошташкарчу а больницашкара хьал ма-дарра довза лаарна вахара и шиъ. Кхузахь билгалдаккха догIу ярташкахь могашалла Iалашъяран декъехь долу хьал республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь меттигерчу бахархоша а сих-сиха хьехош хилар.

Соьлжа-ГIалара ши хьаша а, Шелковски кIоштан больницин коьртачу лоьран заместитель Ахметханова Бирлант а, Оьрза-ГIаларчу дарбанан цIенна куьйгалла деш йолу Коновалова Ольга а хьаьжира гIишлога. Цул сов, палаташ чухула буьйла а луш, дархошца а, царна тIаьхьа баьхкинчаьрца а къамелаш хилира церан.

IMG_5889

Хьешаша шаьш бIаьргтохар бахьана долуш, царна хиира, дарбанан цIийнан ший а гIишло 50 шо гергга хьалха йина хилар а, больницин корпусех тарйина хилар а. Царна чохь дийнахь а, буьйсанна а дарба лелочу дархошна лерина 10 маьнга а, дийнахь дарба лелочарна лерина 25 маьнга а бу. Цигахь болх беш 45 белхахо ву. Цара гуонахарчу 4 юьртарчу бахархойн могашалла Iалашъяран декъехула долу хьашташ кхочушдо.

Дарбанан цIа, республикин кхо кIошт хотталучохь а, республикин тIегIанерчу автомобилийн некъана а, федеральни тIегIанерчу цIерпоштнекъана а юххехь хилар бахьана долуш, стратегически маьIна долуш ду.

Коллективаца хиллачу цхьаьнакхетарехь С.-I.Ахмадовс а, М.Дадуевс а дийцаре дира бахархошна юкъахь диспансеризацина профилактика яр а, иза дIаяхьар а, бахархойн могашалла Iалашъяран декъехула долу хьашташ кхочушдар а, наггахь бен хуьлуш йоцу цамгар йолчу бахархошна оьшуш долчу молханашца кхачоярца доьзна гIуллакхаш а.

Цул сов, хьешашка дийца а, хатта а дуккха а хIума коллективан а хиллера. Къаьсттина дукха дийцира къона говзанчаш тоьаш цахиларх лаьцна. Иштта, хьахийра лоьрашна ЖКХ-н гIоленаш (льготаш) дIаяьхна хилар а, «энергетикаш» а, шайна юкъахь наркотик йолу буьртигаш а даьржина хилар, банкоматаш а, сихагIодаран машенаш а тоьаш цахилар а.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Парламентан депутата С.-I.Ахмадовс а, ОНФ-н векала М.Дадуевс а, мел дийцинарг талла а, ницкъ кхоччучу агIор уьш кхочушдан а чIагIо йира.

И.ИСЛАМОВ

№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: