Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу Профсоюзийн цIийнехь «Нохчийн Республикехь дешаран а, Iилманан а гIуллакхаш кхочушдар» аьллачу темина лерина дIаяьхьначу «горгачу стоьлехь» дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин а, Парламентан а, финансийн а, дешаран а, Iилманан а министерствийн а, Прокуратурин, Юкъараллин палатин а векалш.
Иза вовшахтоьхнера республикин Профсоюзийн дешаран а, Iилманан а совето, дIахьош вара Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин председатель Хь.Солтагереев.
Ерригроссин Дешаран профсоюзан Нохчийн Республикин организацин председатела Х.Герзелиевс шен докладехь дийцира дешаран учрежденийн белхахошна социальни гIодарх лаьцна. Коьрта тидам тIебахийтира дешаран учрежденешкарчу белхахошна хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна дала деза ахча шен-шен хенахь схьалуш цахиларна.
– Вайн таханлерчу дешаран программашца хьехархо могаш а, Iедало социальни хьашташ кхочушдеш а хила веза, хIунда аьлча, царна тIехь берг Iаламат боккха болх бу, цунах кхета деза вай. Царна дахарехь-Iерехь бегIийла хьелаш кхолла хьовса а деза, – бохура Х.Герзелиевс.
Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан финансийн министран хьалхарчу заместитела А.Аддаевс хIокху шарахь кхочушдина а, дан лерина а долу гIуллакхаш довзийтира шен докладехь.
«Горгачу стоьлан» дакъалацархоша дуккха а дийцира «Нохчийн Республикехь дешаран хьокъехь» долчу Законах лаьцна а.
Дагадовлар дерзош дийцира, хIокху шарахь хилла кхачамбацарш дIа а дохуш, 2017-чу шарахь шайн ницкъ кхочучу барамехь республикехь дешаран декъехь тоьлла хьелаш кхуллург хиларх лаьцна.
Хь.БАХТАЕВА
№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо