Эмиля, баркалла хьуна!

Могашалла галъяьлча я цхьана цамгаро лаьцча, лоьре орца доьху вай. Ишттачу меттехь лоьро аьллачу хазачу дашо а сапаргIатдоккху, мел чолхе цамгар а яйлуш санна хетало.

IMG-20161128-WA0023

Дукха хан йоццуш, могаш йоцуш а хилла, Республикин онкологин диспансере кхечира Соьлжа-ГIалара яхархо Лорсанова Зарема. Хьалхарчу дийнахь дуьйна цуьнан бIаьрг буьзира цигахь болх беш йолчу лоьрах Кадиева Эмилях. Цо дийцарехь, шен дархойн тидам дукха лерина беш а, куьг беркате долуш а лор ю иза.

– ХIора а стага дина дика а, вуон а бекхам боцуш ца дуьсу. Со оцу диспансере хьажийча, сан дагчу кхерам ца тесира аьлча бакъ хир дац. Эмиля сайга даггара хьажарна а, гIоле хирг хиларх цо денна а тешаярна а сапаргIат хуьлура со. Цуьнан куьйгаш беркате а, аьхна а ду. Дукха хан ялале гIоле хилира суна. Даггара баркалла ала лаьа суна Эмилина. Ша къона ю иза. Амма къона яра аьлла доцуш, дика лор ю. Иза евзачара массара а дика лор ю олуш хезнера суна хьалха а. Делахь а, муьлхха а адам шена ца девзича цуьнан кхоччуш мах хадо хуур дац. Дархойн хьал-де довзар лору цо шен коьрта декхар.

Эмиля, Дела реза хуьлда хьуна. Айхьа диканна мел туху куьг АллахIа йоле дуьллийла хьан!

З.САГАЕВА

№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: