Шен исбаьхьчу говзаллица, ша жима елахь а, сцени тIехь забарийн сценкашкахь дакъалоцуш, концерташ дIахьош ю къона Газалиева ПетIамат.

2003-чу шеран мангалан (июль) беттан 3-чу дийнахь дуьнен чу яьлла иза. Дукха жима йолуш дуьйна забарийн дийцарш Iамо гIерташ яра йоI. Дуьххьара «Нохчийн сийлахь мотт» аьллачу къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхира цо.
Цу тIера дIаболабелира цуьнан кхоллараллин некъ. Цул тIаьхьа вайн кIошташкахь хуьлучу конкурсашкахь дакъа а лоцуш, дIаяхханчохь хьалхара меттиг йоккхура цо. Дуккха а Сийлаллин грамоташ ю цуьнан. «Радуга» ансамблан куьйгалхочо Битигова Сацитас шен ансамбле дIайигира иза.
Ансамблерчу бераша хIоттийначу Керлачу шеран концерте веара Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам. Цунна къаьсттина хазахийтира ПетIамата хIоттийна сурт. ТIаккха цо ансамблан куьйгалхочуьнга Саците: «Соьлжа-ГIалахь концерт ю кестта хила езаш, и дIаяхьа еза ПетIамата», – аьлла, дIакхайкхира йоI.
Концерт чекхъяьлча Нохчийн пачхьалкхан филармонин директора Делимханова Тамарас: «Хилла яьлла артист ю хIара» аьлла, балха хIоттийра йоI. Иза 2013-гIа шо дара. Оцу шарахь Тамарас вовшахтоьхнера «Дека сан аз» – проект. Багатаева Мадиница и проект дIахьош доккха дакъалецира цо. Дукха хан йоццуш вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденцехь мехала совгIат дира цунна. Иза хIинца «Синмехаллаш» передачехь ТIехьа-Мартан кIоштан тобанан дакъалацархо ю.
М.-С.ЗАБАЕВ
№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо