Зелин доьналла

Тхо долчу, Шелан кIоштан «Зама» газетан редакце еанера Шелара яхархо Эбишева Роза.

КIоштахь нахана евзаш а, къинхьегаман ветеран а ю иза. 1961-чу шарахь, дуьйна, 45 шарахь хаддаза Шелан кIоштан почтехь болх бина, царах тIаьхьарчу 20 шарахь зIенан отделенин куьйгалхо а лаьттина Роза, шех яздан хьакъ ю. Амма цунна луург шен марзхойх ХасиевгIарах лаьцна яздар дара, коьртачу декъана шен мардененах Хасиева Зелех лаьцна. Цуьнан лаам кхочушбеш, цо схьа ма дийццара дIа а яздина, шун кхиэле дуьллу оха цуьнан къамел.

IMG_8038

1944-чу шарахь нохчий цIера арабохучу хенахь, Шеларчу рузбан маьждигна уллохь Iаш хилла ХасиевгIеран доьзал, ачалой тайпана а болуш. Хасиев Iазиз 1884-чу шарахь вина. Шаьлтанаш еш, аьчкан пхьар хилла иза. Оцу ирчачу дийнахь Iазиз а, цуьнан доьзал а: хIусамнана Зела (1886-чу шарера) йиъ йоI, кIант Iусама шен доьзалца (хIусамнана, цхьа кIант, цхьа йоI) цхьаьний киралелочу шалонна тIе а боьттина, дIабуьгуш хилла.

10 дийнахь гергга дIаихча, Усть-Каменогорски областан Шахтинск гIала кхаьчча. КIант Iусама, шен доьзалца, нуьцкъаша охьа а ваьккхина дIавигна. Шайн цхьаъ бен воцу кIант, шен доьзалца бухахь а витина, дIабоьду доьзал боккхачу балехь хилла. Фрунзера дехьабевлча, Чу станцехь охьабиссийна уьш. Цигахь, гIеххьачул дIа а нисбелла, Iашболчу цара шайн кIантана а, цуьнан доьзална а чIогIа сагатдеш хилла. Цаьргара цхьа а хабар доцуш цхьа шо дIадаьлла. Цул тIаьхьа цаьрга хабар кхаьчна, Шахтинскехь, кIора боккхучу шахтехь болх беш, ши нохчи ву, аьлла. Зела, тIоьрмига чу кIолдан ши мижарг, сискал, шишан чохь хи а эцна, шен хIусамдегара пурба а даьккхина, Шахтинске яха араяьлла.

Ца хуучунна хаийта а, хуучунна дага даийта а лаьа – иза хIун хан хилла. Оцу хенахь нохчичунна дихкина хилла юьртара юьрта ваха, цIерпошта тIехь вахар-м дийца оьшуш а ца хилла. Гучуваьлларг, йоккха хан а тухий, набахти чу вуллуш хилла. Цундела зудчунна тIехь тидам кIезиг хир бу, аьлла, йоьдуш хилла Зела, хIусамда а ца вохуьйтуш.

Шен доьзалхо бахьана долуш, нохчийн зудчо ловр доцуш, дийр доцуш хIун ду?

Чу станце а еана, Шахтинск йолчу агIор йоьду цIерпошт а ларйина, шина вагона юккъе а хиъна, дIаболийна 60 шо кхаьчначу Зелас, билггал ву-вац а ца хууш, амма даго карор ву аьлла хьоьхучу ойланца шен кIантана тIаьхьабоьду хала некъ.

Цхьана цIерпошта тIера кхечунна тIе хууш, хIора станцехь, охьа а юссуш, гучуяларна кхоьруш, цIерпошт дIайолаяллалц йолалой а лелаш, 3–4 дийнахь некъ бира цо. Цигахь, кIора боккхуш йолу шахта а лехна, цу хьалха, чувоьдург, араволург ларвеш, шен кIентан юьхь-сибат гаре сатуьйсуш, шелонехь, сарралц лаьттина нана. Эххар а, суьйранна шахте шен смене вогIуш гина цунна иза.

Цаьршиннан дог-ойла а, кIентан цецвалар а, ма-дарра дийца вайна дешнаш тоьар дац. Дагарадуьйцуш латта йиш ца хилла цаьршиннан, кIант шахти чу вахавезаш хилла. Сихха, цхьана шийла йоцчу, нана дIа а тарйина, кIант балха дIавахана. Цуьнан смена дIаяллалц, 10 сохьтехь иза лар а вина, цуьнца цхьаьна, иза шен доьзалца Iаш волчу хIусаме дахана и шиъ.

Вай дезачунна ма гойла Зелина гина сурт. Цамгаро лаьцна Iуьллуш Iусамин хIусамнана а, уллохь Iуьллуш йоI а хилла. Чухула, церан хьашташ кхочушдеш лелаш, 5 шо кхаьчна кIант а хилла. Дала кхачийна хиллера. Зела царна тIе, оцу халачу заманчохь. Царна Iуналла деш сецна иза. Амма нус а, кIентан йоI а гIатта йоьжна ца хиллера. Дукха хан ялале йоI дIакхелхира. Ялар чу йирзина нус, кхин хIума кхоллуш а ца хилла Зела цигахь Iаш цхьа шо дIадолу. ЦIахь болчарна-м хIара тIепаза яйна моьттуш хилла.

Шен ма хуьллу нус хьоьстуш, шен йоIе санна, лерина хьожуш хилла цуьнга Зела. Ахь хIун кхоллур яра алахьа, ас йохьур яр-кха хьуна, олуш хилла марнанас. Эххар а: – Мама, ахьаран худар дагадеанера суна, и кхаллалой хьожур яр-кха со. И дала меттиг хир ярий-те?, – аьлла несо, гIийла ела а къежна.

– Дера, вай хIинцца ахьар а деана дийра-м ду. Иза-м хала доцург дара, – олий, Зела, кхин йоха ца юхуш, Далла тIе болх а буьллий, шен тIаьххьара дисина кортали а оьций, араэккха. Царна ахьар ганза а, цунах йина хIума яаза а дукха хан хилла. Шена и мичара дер ду хууш араяьлла а ца хилла иза. Корталих хийца ахьар долу меттиг лохуш, дукха лела Зела. Эххар а, цхьана казахо корталих кана ахьар а лой, йоккхаеш цIайогIий, несана цунах худар до цо. Цкъа-шозза бен иза а ца кхоллу цомгашчо.

Юха а, юха а хоьтту марнанас несе, хIун кхоллур яра алахьа, бохуш. Масийттаза шега хаьттича, цо олу: – Мама, хьо хьийза-м йо ас, Iаж кхаллалой хьожур яр-кха со.

Iаьнан юккъерчу баттахь, аьхка йийча а лартIехь хIума ца кхуьучу, оцу къечу махкахь Iаж карон атта хир доций хуъушшехь, и лаха арайолу Зела.

Эца ахча а, хийца хIума а доцуш, Iаж нахе бехар даго тIе а ца дуьтуш (цу хенахь нохчашна сагIадехар доккха эхь лоруш хилла), хIара хьийзаш, базарара ара а яьлла, жимачу йоьIан куьг а лаьцна, дIайоьдучу оьрсийн зудчух бIаьргкхета Зелин. Ма-дарра аьлча, цо куьг лаьцначу йоьIан буйнарчу, бууш болчу Iежах кхета-кх. Iаж биъна яьлча, цунах йисинарг охьакхуссур яц техьа, шен несана хьогамна кхалла мукъане а хир яр-кха, бохуш, цушинна тIаьхьаоьхуш хилла Зела. Эххар а, биъна а яьлла йоIа охьакхоьссича, Зелас, тIе а йодий, цунах сихха катуху. Юхахьажаеллачу зудчунна и го. ТIе а йогIий цо: – Бабушка, возьмите яблоко, – олий, дийнна Iаж ло кхунна. Уьш дIабаххалц а Iийна, лайлахь Iуьллуш йолу юьхк схьа а оьций: – ХIинца-м кIентан кIантана кхалла а Iежах хIума яра, – олий, йоккхаеш, шаьш Iачу хIусаме схьайогIу Зела.

Дикка йила а юьлий, юьхк кIентан кIантана а лой, жима дакъа а доккхий, несана ло цо. Елха а, ела а де доцучу несо: – Мама, ма лерина лелайо ахь со, суна езза-езарг а йохьуш, – элира цуьнга.

Цул тIаьхьа, и Iаж а бууш, кхаа дийне йолу иза. Нус кхелхича, буьйсанна юккъехь, Басханов Саид-Iалис а (дешна стаг вара иза), еллачун хIусамдас Iусамас а, шен йоIана улло дIаерзийра и пекъар.

– Хьо кхузара дIа а хоьцур вац, цкъачунна, со кIант а эцна хьан дений, йижаршний тIе яха йоллу. Со яйна моьттуш Iаш хир бу уьш, – олий, шо даьллачул тIаьхьа, ши кийла картолаш а кхехкийна (кIантана шахтехь луш яра), шишан чохь хи а эцна, 6 шо долу кIентан кIант бухканашца ги а воьхкий, Зелас юханехьа болабо шен декъаза некъ.

Станце а йогIий, шийлачу мохехь Фрунзе йоьду цIерпошт а ларйой, гехь волу кIант гучуваларна кхоьруш, вагонашна чугIорта ца яьхьаш, царна юккъе а хуьйшуш, дIайолало. Шишан чуьра хи а гIорош Iаьнан, шийла хан яра иза.

Масех дийнахь дIаихначул тIаьхьа, маьркIажа хенахь, шаьшшиъ дIакхаьчна моьттуш, ши станци хьалха охьадуссу хIара шиъ. Юлуш буьйса а йолуш, чу дахана буьйса яккха меттиг а йоцуш, муьлхачу новкъа яха еза а ца хууш (цхьаьнга хатта яьхьаш ца хилла) холча хIутту Зела. Цунна а дагахьволлург шен гехь волу кIант вара. Амма ша къонаха зуда хиларна, йоха ца юхуш, Далла тIе болх а буьллий, дIайолало иза.

Некъах ца тила гIерташ, генна дIаихначул тIаьхьа, цхьана цIа чохь йогуш серло гина цунна. Далла хастам а бой, чохь керста цахилийтар а доьхуш, хIусаман неIаре йоьду иза. Араваьлларг нохчи вуй хиъча, шегара хьал а, ша арабаьккхина некъ а дIабуьйцу.

– Шу тховса Чу станце дIакхачалур дац, чудита йиш а яц, шаьшшинна лаахь оцу рагIу кIел буьйса яккха, олу цуьнга.

Бухканаш чудиссина, цIийш ихна хуьлу Зелин белшаш. РагIу кIел, мох кIезиг хьоькху маьIиг а лохий, буьйса токху цушимма. КIант хи доьхуш велха волавелча, неIаре а йоьдий, хи доьхура Зелас. НеI хер йой, хи ара а кховдадой, зайл дIабуллура хIусамдас. Чохь зуда а хаалора Зелина. Иза йист ца хуьлура. Сахуьллуш аравелира хIусамда. Чу станце боьду некъ бийцийтира Зелас.

– Мичара ву хьо? – аьлла, хаьттира цуьнга.

– Шу мичара ду?

– Тхо Шелара ду.

– Тхо Устрада-Эвлара ду, – элира цо.

Бакъ долуш, вайн халкъ оцу ирчачу, къизачу шерашкахь вовшашна гIо деш, шена ца юуш а, уллорчунна, гIийлачунна дIалуш, нохчи ву аьлчахьана, цунна оьшу накъо сталла деш, гIиллакхах ца духуш чекхдалар бахьана долуш, хIаллак ца хуьлуш, кхечу къаьмнех дIа а ийна, халкъ долчуьра дIа ца долуш, дисина ду. Оцу шерашкахь ша ледара гайтинарг, тIаьхьарчу тIаьхьено а вуьйцуш, цуьнан гергарнаш и шайн ву ала эхь хеташ, тахана а лелаш бу.

Сарралц некъ а бина, Делан къинхетамца, хIара шиъ дIакхаьчча, вовшашка кхаьънаш дохуш, дукха адамаш ихинера кхаьрга. Ша яйна яьлла бохуш, Iаш болу шен доьзал могаш карийна кхунна.

Цул тIаьхьа ши шо ах шо даьлча, кIант Iусама кхарна тIе схьавогIу.

1958-чу шарахь Казахстанера цIабирзира ХасиевгIеран доьзал.

1959-чу шарахь цаьрга маре яхара (Зелас гехь лелийначу Султане) вайна хIара дийцар дийцина йолу Роза.

1961-чу шарахь Iазиз кхелхина (Зелин хIусамда).

1987-чу шарахь кхелхина Зела.

2004-чу шарахь кхелхина Iусама.

Тахана Iазизан а, Зелин а пхоьалгIа тIаьхье ю Шелахь Iаш, ИбрахIиман доьзалш бу уьш.

Вай Зелих лаьцна яздинчу, оццул халачу хенахь марнанас шен несаца лелийначу гIиллакхах, оьздангаллах, шайн тIаьхье хадарна кхоьруш, цо хьегначу къа-балех таханлерчу кегийчарна а, баккхийчарна а эца доккха масал ду.

Дала Зела санна болу къонаха наной ма эшабойла вайн махкана а, халкъана а.

А.СУЛЕЙМАНОВ

№127, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: